ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьра журналистика литта ши кIира делла Кадыровс


Кадыров Рамзан

Кадыров Рамзан

ТIаьххьарчу шина кIиранах ца хеддаш дуьйцура наха Нажи-Юьртан кIоштан полицин куьйгалхо I7 шо бен доцу йоI яло араваларх лаьцна. Кадыров Рамзана телевизионехула къамелдеш элира, ша теллина, йоI а реза а йолуш деш ду захало. Иза хьахош Кадыровс ира критика йира махкарчу прессина а, телевизионашна а.

Нохчийчохь журналистика янне яц, цхьаъ-шиъ, мел а шайна тIе тидам бохуьйтуш, прессехь яздеш стаг воцург. Ишта мах а хадийна, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана буьйр дина шен Даудов Мохьмадна (халкъалахь "Лорд" олуш волчу) газеташ а, журналаш а, телеканалаш а талла а теллина, царех кхин дIа болх бен берг, боцург къастош.

Кадыров: «I00 газет ду, уьш дерриг а бюджетан хила а деза, бохуш къамелаш ма до аш. Шу болх беш дац! ЗIенан министр, къаьсттина хьо! Цундела хьовса а хьоьвсина, кхачамбацарш дIадаха деза, юкъара концепци кхоьллина а. Къоман интересаш шуна хьалха елахь, махкан лазам бийца лууш делахь, аш халкъаца цхьаьна болх бан беза.

Чохь Iашшехь, интернетан машанашкара йоза схьа а оьций, цу тIехь болх беш Iа шу. Ара а девлла. керланиг, долуш дерг аш дийцича, яздича, нахана а интересе хир ду шун газет а, журнал а. Я болх бан беза, я журнал дIакъовла деза. Дозуш доцуш хила деза газет, журнал. Суна дуьхьал хилча а, мухха хилча а бакъдерг яздан деза, дийца а деза».

Ткъа дерриг а мехкан журналистикех долу къамел юкъадаккха Кадыров Рамзанан бахьана делларг дара деношкахь доккха гIугI хилла Ножий-Юьртарчу полцин куьйгалхочо Гучигов Нажуда I7 шо долу йоI бертаза йигар. Бертаза аьлча а, шинне а агIор боккхачу лаамца хилла захало, мехкан куьйгалхочо чIагIдарехь.

Кадыров: «Ас бахийтина Нажи-Юьрта нах, и йоI реза ю я яц хьовсийша, аьлла. Оцу йоIа а, цуьнан нанас а шаьш реза а долуш, дедас дош а делла хилла даьлла захало ду элира. Ткъа шу хIун деш ду? Шун газеташ ишта а ма дац цхьанна а интересе. Хаьхккина оцу юьрта а дахана, интервью эца ца мега аш дегара-ненера я йоIера.? Махкахь дуьйцуш ма ду хIара, бакъду я дац аьлла».

РогI-рогIана, бераш санна хьала а гIитош, юьхь ехира журналистийн.

Дуьненахь гоьваьллачу, Авторханов Iабурахьманах лаьцна гайтина документалан кино кхозза гайтина боху «Грозный» цIе йолчу телеканало.

Ткъа мелла а хаарш долу къоман тоьлла нах бевзачу берана а дагах хьу еш нисделира мехкан шина коьртан къамелехь, Авторханов царна мила ву цахаар.

Иштта дешнашца хьахийра иза, журналистащна Iоттавеш Кадыров Рамзанан администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада.

Даудов: «Аш бечу балхе хьаьжча, цхьана дийнан шун программе хьажча, суна хетарехь, шу чудохка дезаш дара. Мехкан куьйгалхочо беш болу болх боцург, кхин дIа аш телевизионехзь гойтуш ерг хIун ю а ца хаьа. Селхана гойтуш цхьа передача ю, вийнехь я веллехь, цхьа Авторханов яздархочух лаьцна. Цуьнга ахь ладоьгIча, цунна Дала гечдойла, дика стаг хилла хир ву и, ахь цуьнга ладоьгIча, Рамзан Ахматович, и стаг ца хиллехьара вай шина тIамехь дайина хила дезаш дар-кх.

Милашина Елена Москохара дуьйнна схьаеана, оцу Нажийн-Юьртарчу накъоста зуда ялор ю аьлла, интервью оьцуш, лелаш ю. Шух цхьа стаг цига а вахана, бакъду-те я дац-те аьлла, хьавсина дац. Оха беш болу болх, анализ йича, Рамзан Ахматович, хьуна дуьхьал беш бу».

Журналист йолчу Серганова ТIаусца хилира тхан къамел. Хьакъболу журналисташ бара боху ТIауса, уьш цхьаберш белла, вуьйш дIабахана, ткъа кхолгIаниш, шайна ма-хетта болх бан аьтто ца хилла балхара дIабевлла.

Серганова: «ТIемаш севцна, Нохчийчоь меттахIоттайо бохуш I5 шо даьллачу хенахь, тахана вайн йоцуш йолу журналистика яц бахарх, цо цецъяьлла. ХIунда аьлча. журналистике ша бан безаш болу болх, шен декхарш кхочуш ца дайтархьама цунна тIехь бина боккха болх бу. Цул тIаьхьа цхьа а лазаме йолу тема йийца а, айъа а йиш яцара.

ТIаккха тахана, шун журналистика яц бахар, суна нийса ца хета. Тахана вайн Нохчийчохь дозуш доцуш цхьа а газет дац, журнал дац, радио яц. Пачхьалкхан Радиохь, телевизионехь, газеташкахь цхьана хенахь, уггар халчу хенахь наггахь нислора и тайпа программа, луург, хетарг дIаолуш. Уьш шайн орамашцанне дIаяьхна ю. Тахана Нохчийчохь бисина журналисташ пачхьалкхана, Iедална томехь дерг дуьйцуш берш бу».

XS
SM
MD
LG