ТIекхочийла долу линкаш

Оппозицин хьалханча чувоьллина Азербайджанехь


Азербайджанан суьдо, 6 шо ах шо хан а тоьхна, чувоьллина оппозицин хьалханча Керимли Фараджа. Иза бехке вина наркотикаш йохкарна. Керимли оппозицехь йолчу "Мусават" партин куьйгалхочуьнан когаметта ву. Цо фейсбукехь а, шен сайт тIехь а яздора Азербайджанан президентан Алиев Ильхаман Iедалхоша коррупци лелорах лаьцна.

Кху шеран Зазадоккху-баттахь кхело, 6 шо хан а тоьхна, чувоьллира Керимлин ваша, Сирадж. Бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, 2013-чу шарахь Алиев Ильхам кхоалгIа а президент хIоьттинчул тIаьхьа Iедалша жигара яьккхина оппозицина дуьхьал хьажийна йолу кампани.

Алиев Ильхам Iедале веара 2003-чу шарахь. Иза президент хIоьттира 1993-чу шархь дуьйна цу махкана куьйгалла деш хилла шен да Алиев Гейдар кхелхинчул тIаьхьа.

XS
SM
MD
LG