ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла парламент хаьржина Британехь


Парламентан харжамаш хилла Еарин дийнахь Британехь. Цуьнан жамIаша шеконе дилла мега Британи кхин дIа а Евробертана юкахь юьсур ю бохург. Цо иштта алсамдаккха мега Шотланди йозуш йоцу пачхьалкх хила мега бохург а.
Британехь харжамашкахь дакъалаца бакъо йолуш ву 50 миллион вахархо. Цара харжавезаш вара 650 депутат. Консерваторийн а, Лейбористийн а партийн куьйгалхоша – Кэмерон Дэвида а, Милибэнд Эдда а - хIораммо а дIахьедар дина, шайга дукхах йолу парламентера меттигаш дIалацалур ю аьлла. Британин парламентан харжамийн жамIаш муха ду хуур ду Стигалкъекъа-беттан 8-чу дийнахь делкъале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG