ТIекхочийла долу линкаш

Липецкехь тIе басар Iанийна Сталинан бюстана


Оьрсийчохь Липецкехь, тIе басар а Iанийна, сийсаз яьккхина ши де хаьлха хIоттийна Сталинан бюст. Хилларг дIаяздина луларчу гIишлонна тIехь хиллачу видеокамеро. Цу видео тIехь цхьа зуда гIоьртина, бюстана тIе басар а Iанийна, жIов а етташ иза йохо.

Цо дIасакхиссина пъедесталана хьалха дехкина хилла зезагаш. Меттигерчу коммунисташа дIахьедар дина иза Толаман Де тIекхочуш дина «политикан питана» ду аьлла. Липецкехь гIалин юккъехь Сталинан бюст хIоттийнарш бу цу гIалара Коммунистийн партин декъашхой.

XS
SM
MD
LG