ТIекхочийла долу линкаш

Беркема охьадоьжна Пакистанехь


Ми-17 олу беркема охьадоьжна Пакистанехь. И бахьана долуш кхелхина цу чохь хилла 6 стаг. Царна юкъахь Филлипинашкара а, Норвегера а векалш а, Малайзин а, Индонезин а векалийн хIусамнаной а, ткъа иштта ши пилот а ву. 13 некъахо къелхьарваьлла.

И нах Гилгит олучу гIала боьлхуш хилла Пакистанан премьер-министро Шариф Наваза лаьмнашкарчу садоIу меттигехь машшаш тесна некъ схьабоьллуш дакъалаца дагахь. И бохам хуьлуш Наваз шен кемантIехь хилла цу гIала воьдуш. Талибан олучу боламо дIахьедар дина беркема шаьш чудаийтина аьлла. ТIемалоша бинчу хаамца, цара ракета тоьхна цунна.

XS
SM
MD
LG