ТIекхочийла долу линкаш

Мароккон тIеман кема чудоьжна Йеменехь


СаIуда Iаьрбийчоь коьртехь а йолуш вовшахкхеттачу тIеман коалицино шен тIеман кема тидамера даьлла Йеменан стигалахь аьлла бинчу хаамна дуьхьал шиIатойн ХIутхIин тIемалоша дIахьедина, кема шаьш дохийна, аьлла. Саад провинцерчу Вади Нушур юьртарчу духьалонаша чудаийтина кема, аьлла бу гIаттамхоша бина хаам.

СаIуда Iаьрбийчоьнан телевизионо дийцарехь, дохийнарг ду Ф-16 олу тIелета кема. Доьхна гайтинчу кеманна тIера байракх ю Марокко мехкан. Кема дайна кIиранан сарахь. 6 кIиранах Йеменера Iедал карчон гIертачу гIаттамхошна дуьхаьллаьттачу тIеман коалицин дуьххьара кема ду хIинца дайнарг.

XS
SM
MD
LG