ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра тIеман шоу йийцарейо дуьнено


Москох --Толаман де
Москох --Толаман де

Цкъа а ца хиллачу кепара харжаш а еш, керла техника урамашка а йоккхуш, дIабаьхьна Москох Дуьненан ШолгIа тIом бирзина 70 шо кхочуш хIоттийна кхушарлера тIеман гайтам. Путина шен пачхьалкхан т1еман ницкъ цу кепара гайтар ларамза дац аьлла хета Малхбузерчу тергамхошна.

Цкъа а ца хиллачу кепара харжаш а еш, керла техника урамашка а йоккхуш, дIабаьхьна Москох Дуьненан ШолгIа тIом бирзина 70 шо кхочуш хIоттийна кхушарлера тIеман гайтам. Оьрсийчоьнан а, Малхбузенан а юкъаметтигаш телхинчу муьрехь Путина шен пачхьалкхан тIеман ницкъ цу кепара гайтар ларамза дац аьлла хета Малхбузерчу тергамхошна.

Москохарчу тIеман парадан терго дуьненан массо а маьIIехь еш яра аьлча, харц хира дацара.

Кху деношкахь Азера дIа Европе кхаччалц, Австралера Цхьаьнатоьхначу Штаташка кхаччалц, наггахь хаамийн гIирс бисина хир бац, Москохарчу ЦIечу Майданахь Путин Владимира дозаллийца гайтина йолчу шен пачхьалкхан тIеман таронех дийцанза я язданза.

„Элин цхьалла“, „Путинан парадера Китайн шоппинг“, „ХIуъу дина а къарцавала“, „Уггаре а керлачу герзийн витрина“, „Путинан ондаллин гайтам“ - иштта ю уггаре а цIеяхханчу хаамийн гIирсийн цу хиламах йолчу артиклийн цIераш.

Коьртачу декъехь журналисташа а, церан дехарца цу парадах лаьцна дуьйцучу тергамхоша а билгалдоккхуш дерг дара, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, ша эла волуш санна, цу махкана куьйгалла деш волу, Стигалкъекъа-беттан иссолгIачохь, оьрсийн халкъо уггаре а мехалох дезде санна лоруш долчу толаман дийнахь, мелхо а, эшанарг санна цхье висар, шена гонахь диктаторийн я тоталитаран пачхьалкхийн куьйгалхой боцург, Малхбузерчу кхиинчу пачхьалкхийн цхьа а лидер а воцуш.

Масала, Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу NBC телеканало шен репортажехь билгалдаьккхира, Путинан парад Малхбузерчу куьйгалхоша Украинера кризис бахьана долуш тергал ца еш йитира, аьлла. „Бакъду, Кремлан пена хьалха Оьрсийчоьнан президентана уллохь лаьтташ 30 герга хьаша вара“, - бохуш дийцира цо.

Ткъа муьлш бара и хьеший, Оьрсийчоьнан президент виссане а шена сел мехалчу дийнахь цхье ца висийта баьхкича санна цуьнца лаьттинарш?

Китайн куьйгалхо Цзиньпин Си вара царех уггаре а везох волу хьаша. Ши шо хьалха тIеман карчам а бина, эзарнаш машаре дуьхьалонан акцин декъашхой тIе герзаш детташ байъа а байъитина, низамца хаьржина волу Мисаран президент Мурси Мухьамад набахте а воьллина, Iедале веана волу инарла Сиси Iабдул Фаттах а вара, иттанаш шерашкахь Зимбабвехь президент лаьтташ волу, дуьнено а диктатор лоруш волу Мугабе Роберт а вара, Цхьаьнатоьхначу Штатийн хIуьттарена Оьрсийчоьнца гергарло лоьхуш волу Венесуэлин президент Мадуро Николас вара.

Вара дера иштта даима санна Казахстанан президент Назарбаев Нурсолт а, Къилбаафрикерчу республикан куьйгалхо Зума а, царна юккъехь цхьанхьа вайна лаьтта Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин инарла секретар Пан Ги Мун а.

Италерчу Corriere della Sera газетано билгалдаккхарехь, Обама а, Олланд а, Кэмерон а, Ренци а, кхин болу а тIеIаткъаме Малхбузера куьйгалхой ша волчу даздаршка ца бахкаро вуно боккха лазам кхуллу Оьрсийчоьнан президентехь а, ткъа иштта уьш ца бахкаро гойту, Оьрсийчоь дуьненан политикан авансценехь мел цхье йисина бохург.

Бакъду, цуьнца цхьаьна, газетин Москохарчу корреспонденташа билгал ма-даккхара, и лидерш Москоха ца бахкаро Путин Владимирна кхин а алсамох аргументаш ло, шен халкъана гергахь Оьрсийчоь иза ца лоручу, иза гор хIоьттин ган луучу мостагIийн гуонехь ю бохург ша чIагIдечохь.

Иштта Малхбузерчу хаамийн гIирсаша шайн тидам тIебахийтинера, Путинан хьешашна юккъехь коьртаниг Китайн куьйгалхо Цзиньпин Си хиларна, цуо Оьрсийчоьнна ша Цхьаьнакхеттачу Штатийн олаллин дуьхьал къийсам латторехь накъост карийна гойтуш хиларна а. Немцойн dpa агенталло цу хьокъехь яздинера, Китай, Оьрсийчоьй вовшашна гергагIортар – иза дуьненан къепе хийцалуш ю бохучунна хьаьрк ду аьлла.

Москоха Толаман де даздан баьхкинчу а, амма кхин а чIогIаха ца баьхкинчу а дуьненан куьйгалхойх дийцина ца Iаш, ша Парадах а лаьцна а дукха яздира дуьненан хаамийн гIирсаша. Оьрсийчоьно сел лерина шен тIеман ницкъ дуьненна а гойтуш урамашка баккхар ларамаза дац, къаьстина хIинца, Украинера тIеман конфликт бахьана долуш Малхбузенан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш телхинчу хенахь.

Кхин а чIогIа символикан чулацам лоцу Парадана иза шозлагIа дуьненан тIом дIабирзина 70 шо кхачарна лерина хиларо – иштта яра журналистийн а, тергамхойн а юкъара ойла.

Европерчу хаамийн теленалаш лайф режимехь хаддаза гойтуш яра ЦIечу Майданара репортажаш, коьрта тидам оьрсийн керлачу тIеман техникана тIе а бохуьйтуш. Цецвалар дара цу репортажашкахь гуш. Бакъду, массара а ца ийцира и тIеман ницкъан сонталле гайтам цецваларца тIе. Къаьстина Малхбузехь бехачу нохчашна хийра а, гома а хилира Оьрсийчоьнан тIеман парад а, цуьнан тIеман ницкъан ондалла телевизионехула Малхбузехь хестор а.

Иштта Берлинехь ехачу Садаева Ровзана дийцарехь, цуьнан а, цуьнан доьзална а цхьа а цецвала хIума ца го, Кремло I5 эзар салти ЦIечу майдана ваккхарехь, цуо бIе эзар сов салти Нохчийчу тIаме а хьажийна хилча.

Садаева: „Кху масехь дийнахь и парад йоцург дуьйцуш Iхума дац кхузахь телевизионехула. ДIатоьхча а, схьатоьхча а. И церан эскарш, и цу оьрсийн танкаш юьйцуш. Я хIорш царех кхерабеллий а ца хаьа, я цецбевллий а ца хаьа. I5 эзар салти хилла парадехь бохуш, иза дуьйцуш бу. Стенах цецбевлла а ца хаа. I5 эзар а, 25 эзар а, I00 эзари а ма вара цара вайна Нохчийчу тIом бан хьовсийнарш, вайна шортта ма гинера уьш. Царех едда кхуза еанера со, цу Путинах, цуьнан эскарех. ХIинца кхузахь а тIаьхьакхечи а уьш“.

Цу юкъана The Washington Post газетано яздинера, 200 герга еза техника а, I43 кема а, биркема а декъа а долуш дIаяхьана йолу парад – иза вуно даккхий зенаш а деш, Кремло шен эскаран модернизаци яран жамI ду аьлла. Ткъа Италерчу Темпо газетано билгалдаьккхира, хIинцалера парад вайзаманахьлерчу Оьрсийчоьнан исторехь уггаре а йоккхаха ерг яра аьлла.

XS
SM
MD
LG