ТIекхочийла долу линкаш

Керри Джон веана Соче


Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран Лавров Сергейн а цхъаьнакхетта Iаьржа хIорда йистерчу Сочи гIалахь. Дийцарш хир ду Керрин президентца Путин Владимирца а. Шина шера чохь дуьххьара ву Керри Оьрсийчохь. Украинерчу кризисах а, Шемарчу а, Йеменерчу а конфликтех а, ГIажарийчоьнан зарратан программех а лаьцна ду церан дийцарш.

Дийцарш доьлхучу юкъанна, тIаьххьарчу сахьташкахь Донбассехь вийна, кхочучу хаамашца, Украинан эскарера кхо салти, цхьаъ лазийна. Путинца шен дийцарш дирзича, кхаарийдийнахь, Сочера Атлантикан тIеман альянсан кхеташоне, Туркойчу, гIур ву Керри Джон.

XS
SM
MD
LG