ТIекхочийла долу линкаш

Царнаев ЖовхIар реза ца хилла къамелдан


Iамеркан Штаташкарчу Бостонехь шена тIехь ечу кхелан шинарийдийнан ладегIаршкахь къамелдан реза ца хилла марафон йоьдуш, лелхийтарш а дина, нах байарна девне валийна волу Царнаев ЖовхIар. Оцу бахьанийца тIехьатеттина кхело болх.

Стенна реза ца хилла шинарийдийнахь вистхила Царнаев хууш дац. Бехккъасторхоша кхин а цхьана дийнахь болх биначул тIаьхьа йовзуьйтур ю шайн вердикт: вен кхачо веза 21 шо долу жимха, я оьмар кхачаяллалц набахтехь латтон веза. Иштта хаамбо кхел шен тергонехь латточу «Iамеркан Аз» радион корреспондента Тлисова Фатимас.

XS
SM
MD
LG