ТIекхочийла долу линкаш

Путин Владимирца цхьанакхетар хилла Керри Джонан


Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца кхаарийдийнахь къамел дерзош Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона дIахьедина, Москох кхета еза Украинан малхбалехь лаьтта тIематийсадаларш ца совцийча ца торийла, иза сацорехь цо дакъалаца а деза, аьлла. Туркойчохь гулбеллачу Атлантикан тIеман альянсан арахьарчу гIуллакхийн министршка шен Сочехь Путинца хиллачу цхьаьнакхетарх дуьйцуш, Керрис бохура «Минскехь бина барт кхочушбан тIаьхьа хила а сахьт дац Оьрсийчоьнна а, сепаратисташна а».

Туркойн Антали гIалахь Атлантикан тIеман альянсан декъашхоша шина дийнахь йийцарейийр ю Украинера а, Шемара а, Иракъера а, Йеменера а кризисаш. Малхбалера а, Украинера а хьелаш хьехош шен Путин Владимирца хилла къамел довзуьйтуш Керрис бохура, «карара хан боккха аьтто луш ю конфликташ ерзон». ТIеман альянсан инарла секретаро Столтенберг Йенса дIахьедира, Оьрсийчоьно сацо деза гIаттамхошна гIодар, арадаха деза Донбассера шен эскарш а, герзаш а, аьлла.

XS
SM
MD
LG