ТIекхочийла долу линкаш

Карачехь нах байина


Пакистанерчу Карачехь, автобусна тIе геразаш а диттина, маьрша нах-шиIатой, царалахь зударий, бераш а долуш – верриг а 43 стаг – вийна тIемалоша. Провинцерчу полицин буьйранчас дийцарехь, Исамайлан маззапера шиIатойн зерате боьлхуш хилла байинарш.

Зулам шена тIеэцна Джундулла а олучу тIалибийн жамаIато. Маршо Радион Пакистанерчу декъе Машаля Радиога оцу тобан пресс-секретара Марват Ахьмада дIахьедина, шаьш кхидIа а бойур бу шиIатой а, керстанаш а, аьлла. 200 миллион пакистанхойх 20 процент бу шиIатой.

XS
SM
MD
LG