ТIекхочийла долу линкаш

Амнисти юкъабахана нохчий а


Дуьненан ШолгIа т1ом бирзина 70 шо кхачарца доьзна Оьрсийчоьно кхайкхийначу амнисти юкъа вахана 11 нохчо паргIатваьккхина, набахтера арахецна. Шинарийдийнахь набахташкара арабевлла амнисти юкъабахначу тутмакхех цхьаберш, аьлла хаам баржийна Нохчийчохь набахтешна т1ехьожуш йолчу урхаллин векало.

ДIахецначийн декъахь бу къоладинарш, бозбуанчалла лелийнарш, герз лачкъийнарш я иза шайн долахь латтийнарш. ШолгIачу муьрехь арабаха кечбеш бу кхин а бекхтакхаме гIуллакх хьалха а теттина, набахтехь кхобу тайп-тайпана кега-мерса зуламаш дина, амма набахти чохь яккха кIеззиг хан йисинарш. Кхул хьалха амнисти кхайкхийра 2013-чу шарахь, Конституци т1еэцна 20 шо кхачарца доьзна.

XS
SM
MD
LG