ТIекхочийла долу линкаш

10 шо, я 15 шо хьалха, Оьрсийчоьно Нохчийчоь къаръеш бечу тIемаша гIовттийна, дуьхьалонехь лаьттинчу бIаьхошна кIеззиг а герга хилларш, царна кхачанца я духарца хьошалла динарш тахана а бу Iедалан таIзарна кIел. Кху деношкахь рогIера компани гIаттийна Кадыровн низамхоша иштанаш лохуш.

Цхьа хIума билгалдоккхуш баккхий хиламаш дIахьoш, дуккха а лераме хьеший а луьстуш даздинчу хьелашкахь махкахь цхьа гулам – цхьаьнакхетар вовшахтоьхча, урхаллехь болчара даима а дIакхайкхош ду Оьрсийчохь йолчу кIоштех Нохчийчоь уггаре а кхерам боцчех, синтемечех, кхиамаш бохуш схьайогIучех цхьаъ ю бохуш.

И тайпа дIахьедар дина, масийтта шо хьалха къоме бала боссийна дагалецамийн де аьлла, Iедало дIакхайкхийначу кху беттан I0-чу дийнахь а. Официалан хааме дакхарца Кадыров Ахьмад-Хьаьжин доьналла, турпалалла бахьанехь кхузахь хIаллакйина дуьненаюкъара терроризм, юхаденйина ницкъалчу герзаша херцаршка ерзийна ярташ, гIаланаш, меттахIоттийна нохчийн къоман йоьжна цIе а. “Вай перза декхар ду, цIийций, хьацарций баьхна кхиамаш ларбан а, дебо а»,- боху Iедало къоме бинчу кхайкхамехь.

Кест –кеста, мухIар тухуш санна, мохк маьрша а, синтеме а хилар дIакхайкхош делахь а, хедаш дац Нохчийчохь тIемалошна кхачанан сурсаташца, бедаршца – молханашца я ахчанца гIо дина бохуш, церан агIончаш а кхайкхош, бахархой жоьпе ийзабар.

Кху беттан I2 –чу дийнахь мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло гIардаккхарца гIаттамхойн аьтто бина 37 шо дало вахархо сацийна Гуьмсан кIоштан Кошкельды эвлара. Цунна бехке дуьллург ду хIинцачул 4 шо хьалха цо цхьана тIемалочунна юург-мерг латтаяр а, цул сов массехазза а иза лоьра тIе кхачавар а. Низамхойн хьостано чIагIдарца цо напха латтийна дуьхьалонча 20I2-чу шарахь тIеман операци дIахьуш вийна.

Цу кепара бахархой лецар а, царна чохь яккха хенаш кхайкхаяр а кхузахь керла-м муххале а дац, мелхо а массо вола а воьлла, дахаран гIайгIане бакъдерг ду.

Дукха хан йоццуш кхела хьалха а хIоттийна I0 хан кхайкхийна, набахте хьажийна Шуьтан кIоштера Заурбеков Визир. Цунна бехке диллинарг а ду кху шеран Дечкен- баттахь тIемалойн хьашт-дезарш кхочушдар.

Прокуратуро Iорадаккхарца ишта I0 шо хан тоха тарлуш ду Веданан кIоштан Сельментаузен юьртарчу вахархочунна 45 шо долчу Баудинов Турпал-Iелина а. Талламхоша билгалдаккхарца нахалдаьлла, цо кхо шо хьалха герзаца дуьхьало ечарна даа-мала латтор.

Цул сов церан шеко ю куьг бехке лоруш верг ша а тIемалойн могIаршкахь лелла вуй те аьлла. Баудиновс гIо дина Сулейманов цIе йолу гIаттамхо а, дийцарехь, тIаьхьо вийна дIаваьккхина леррина тIеман операци дIахьуш.

Чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин Штаба хьаькамо Джамалдаев Мохьмад-Эмис хааме даккхарца карадеъначу шарахь леррина тIеман операцеш дIахьуш вийна 5 жигара гIаттамхо, ткъа цо бечу чIагIамца лаьцнарг а, лелийначунна дохковаьлла шен лаамехь Iедална тIевеънарг а ву 33 стаг, схьаяхна лело бакъо йоцу 70 гергга тайп-тайпана тоьпаш а, 600 сов патармаш а,I8 сов хIоъ-гранаташ а, ишта кхийолу тIеман коьчалла а.

Юкъараллина, маьршачу нахана зе-зулам дан тарлуш долу оццул дукха герз, хIоъ-молха схьадоккхуш-ш лаьтташ делахь а бахархойн ладегIам бутт-батте мел болу лахлуш бу ала хала ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG