ТIекхочийла долу линкаш

Кабулехь баларш хилла


Кабулерчу Парк Палас олучу садоIийлана еарийдийнахь тIелеттачу тIалибаша вийна 9 махкаравоцу а, 5 бухара а стаг. Кхин 54, шайлахь 45 тIебаьхкинчу нахах а болуш, кIелхьараваьккхина дуьхьалойинчу ОвхIанистанан низамхоша. И хаам баржийна Цхьанакехеттачу Къаьмнийн организацино. Кхечу мехкашкара баьхкинчех вийнарг ву 5 хIиндо а, цхьацца Iамеркахо, италахо.

Кабулерчу полицин куьйгалхочун когаметта волчу Роухани Сайеда бинчу хаамца, тIелетта шиъ шахIидан доьхка эккхийта кхиале вийна полицино. Ша Маршо Радио Кабулерчу сервисе хьажийначу дIахьедарехь ТIалибанан пресс-секретара МуджахIид Забиуллас шен тобанна тIеэцна жоьпалла.

XS
SM
MD
LG