ТIекхочийла долу линкаш

Бакох бахар баледаьккхина конгрессменашна


2013-чу шарахь Азербайджано шен проблемаш йийца вовшахтоьхначу кхеташоне Цхьанатоьхначу Штаташкара 10 конгрессмен а, 32 белхахо а Бакох вахана хилла Азербайджанан мехкдаьттан компанин чоьтах, аьлла хаам баржийна Вашингтон Пост газето кхаарийдийнахь. Финансийн хьоста къайлахьош, 750 эзар доллар Вашингтонерчу цхьана коммерцехь йоцчу юкъаралле дахьийтина хилла Бакохара, боху газето.

Ши шо Бакох конференце баьхкинчу нахана хьалха официалан къамелаш дира Обама Баракан кхаа гIоьнчас. Барам боьрзуш Iамеркарчу беза хьешана динчу совгIаташлахь яра шола коьртах хьарчораш а, еза чайнан сервизаш а, кузаш а, боху Вашингтон Посто. Цо дийцарехь, Конгрессан векалш шаьш Азербайджанан чоьтах боьлхий а хууш ца бахана Бакох, аьлла ду низаман терго ечу хьукмато газете даийтина жоп.

XS
SM
MD
LG