ТIекхочийла долу линкаш

Норд-Ост бахьанехь кхеле ийзаво кхин цхьа нохчо


41 шо долчу Нохчийчуьрчу вахархочунна Закаев Хьасанна тIебаьхьина бехк таллар дирзина дац, хаамбо Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Закаев Хьасан бехкедо Дубровкера театр дIалаьначу Бараев Мовсаран тобанах хилар.

Кхаарийдийнахь Закаев Хьасанан адвокато Трунов Игора дIахьедира, гIуллакх теллина даьлла, карара бутт бовш кхеле кхачош ду, аьлла. Талламан комитето бакъ ца до адвокатан дешнаш.

XS
SM
MD
LG