ТIекхочийла долу линкаш

Шавал-атагIехь 15 тIалиб вийна


Пакистанан тIеман кеманаша пIераскан Iуьйранна тохардина доккхачу декъанна лаьмнех лаьттачу Къилбаседа Вазирстанерчу Шавал-атагIехь хьаннашца хIиттийначу тIалибийн куьпана. Iедалерчу векалша бечу хаамца, лаххара а вийна 15 тIалиб. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, Iедалан танкаш а, эскарш а хааделла оцу меттехь.

Шо гергга хьалха, Iедало тIемаш болабаллалц йолчу хенахь, Къилбаседа Вазирстан ерриг а санна яра тIалибийн карахь, цара цигара дора шайн тIелетарш Iедалан ницкъашна. Вазирстанера тIемалой, цхьаннех а бозуш бацахь а, цхьана уьйрахь бу луларчу ОвхIанистанерчу ТIалибанца. Церан Iалашо ю Пакистанера Iедал а дохийна, пачхьалкх Исламна бухаялон.

XS
SM
MD
LG