ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рамади-гIалин гIишлош дIалецна


Махбузерчу Иракъан шахьарара Рамади-гIалара Iедалан гIишлош дIалецна «Исламан Пачхьалкх» шех олучу боламан ницкъаша. Iедалан цIентIе Iаьржа байракх тоьхна цара, бохуш бу Эй-Эф-Пи а, Рейтерс а агенталлаша бен хаамаш. ТIемашца Рамадин центр йоккхуш, новкъахь, молханах юьйлинчу машенахь иккхина ялх джихIадхо-шахIид.

Рамадин йистехь хьалхо иштта кхин цхьа машен а эккхийтира джихIадхоша, вийра 10 полисхо, 7 лазийра. Анбар провинцин коьрта гIала ю Ромади. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа гIо а деш, хIинццалц Ромади гIалахь латтабора Иракъо джихIадхошна дуьхаьл тIемаш бан арабоху шен ницкъаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG