ТIекхочийла долу линкаш

Полшехь кхо нохчо лаьцна


Полшин низамхоша шайн махкахь кхо нохчо лаьцна, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанна гIоьнна ахча гулдеш. Лецнарш бехк таллалц чохь латтош бу. Цкъачунна бехкебечаьргара я церан агIончашкара цхьана тайпа комментареш хилла яц.

Цхьацца агенталлаша бечу хаамашца, Францехь байначу баттахь Нохчийчуьра схьавалар долчу 4 вахархочунна бехктакхаме гIуллакх цхьалха а даьккхина, хенаш тоьхна «Исламан пачхьалкх» олучу тобанашна гIодарна.

XS
SM
MD
LG