ТIекхочийла долу линкаш

Гуламаш лаьтта Македонехь


Македонин коьрта шахьарахь Скопьехь вовшахкхетта гуламхой резабац шайн мехкан премьер-министр Груевски Никола даржера дIаваккхалц дIасабовла. Маршо Радион цигарчу корреспондента бечу хаамца, 40 эзар сов стаг ву Iедална дуьхьал болчу нахалахь. Протестан коьртехь ю Македонин социал-демократин вовшахкхетаралла.

2006-чу шарахь дуьйна Iедалехь волчу Груевскис харцдо ша коррупци яржорна бехкевар. Четарш а хIиттийна, буьйсанаш йоху гуламхоша Iедалан гIишлошна гергахь. Ткъа Груевскин агIо а ю шайн гулам кечбеш. Кризис кIаргйина дахначу мукъаденошкахь Куманово гIалахь иккхинчу девнехь 8 полисхо а, 14 гIаттамхо-герзахо а валаро.

XS
SM
MD
LG