ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн ши эскархо лаьцна Украинехь


Украинан эскаран буьйранчаша чIагIдо, шайн дакъоша йийсаревина Донбассерчу сепаратисташкахьа тIом беш хилла Оьрсийчоьнан ши эскархо бохуш. И шиъ шаьш Киеве кхачош ву журналисташна гайта, элира Украинан эскарийн инарла штабан пресс-секретара Селезнев Владислава. Щасте гIалахь, тIеман хьелашкахь лецна оьрсийн эскархой, хаамбо хьостанаша.

Видео яржийна Киево царех цхьаъ Украинан кхерамзаллин белхахоша левеш – цо ша ву боху Тольяттерчу леринчу ницкъийн декъера сержант. Кремлан векалша юха а харцдо Оьрсийчоьнан ницкъаш Украинехь хилар.

XS
SM
MD
LG