ТIекхочийла долу линкаш

Эшча цаловриг тола хьакъ вац


Оьрсийн хоккейна йиллина шарж

Оьрсийн хоккейна йиллина шарж

Чехехь чекхъяьллачу хоккейн дуьненан чемпионатан финалехь вовшашца къовсалуш яра Канада а, Оьрсийчоь а. 6-1 чоьтаца эшийначу оьрсаша, канадхошна совгIаташ далалц са ца тухуш, цу пачхьалкхан гимн а лакхале а дIатесира хоккейн майда. Спортан гIиллакхца ца йогIучу оцу демаршо цецдаьккхина дуьне.

Прагерчу О2 аренин шатIехь дIахьош яра дуьненан хоккейн чемпионатан финал. Вовшашца говзалла къовсуш канадхойн, оьрсийн тобанаш яра. Ала догIу, финале кхочучу новкъахь Канадин команда цхьанна а ловзарехь эша а ца оьшуш, ткъа ахфиналехь эххар а чехийна тоба эшийна, цу кепара хIора а матчехь толам бокккхуш оьрсийн тобанца долчу ловзаре кхаьчна хилар.

Шен рогIехь Оьрсийчоьнан тоба чемпионате къасторан ловзаршкахь кхоалгIачу метте бен ца яьллера, цул тIаьхьа финалан деалгIачу декъехь шведхой а, ткъа ахфиналехь Iамеркахой а эшон каделира цуьнан.

Хьалхарчу дийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн тобанна тIехь 4:0 жамIаца толам а баьккхина, и толам базбина а, цунах Iаьбна а, дозаллаш дина а ца бовлуш, хилла болу оьрсийн ловзархой Канадица йолу матч йолаеллачу хьалхарчу мIаьргонашкахь дуьйна цхьа тамашийна мела а, гIийла а хеталора, къаьстина вуно каде а, чехка а болчу канадхошца уьш буьстица. Ловзар доладеллачу миноташкахь дуьйна атаке бахара канадхой, оьрсийн кевнашна хьалха массийта кхераме а хьал а хIоттош.

Ткъа 19-чу минотехь Икин Коди цIе йолчу канадхочуо хьалхара гол тохарца схьадибиллира шен тобанна шайн тамашийначу а, исбаьхьчу а толаме некъ.

Цул тIаьхьа канадхойн голаш, догIа санна чулега йолалелира оьрсийн кевнашна. Ловзаран шозлагIчу декъехь оьрсашна кхин а кхо гол туьйхира, цу хьалхарчу дийнахь цара Iамеркахошца динчу жамIах и ловзар дIа а дартеш- нийса бIостанехьачу агIор, хIинца эшамехь берш шаьш оьрсий а болуш.

Цунах тjам бина ца Iаш, шовкъ хьалаяьллачу канадхоша ловзаран тIаьхьарчу, кхозлагIчу декъехь, кхин а ши гол туьйхира оьрсашна.

Йоллучу матчехь вуно боьхна а, гIийла а хиллачу оьрсийн ловзархойн чакхенан горгали бекале каделира цхьа гол тоха, 6:I бохучу жамIаца и ловзар дерза а доьрзуш.

Нагахь санна нийса цхьа де хьалха, шота сарахь шаьш Цхьаьнатоьхначу Штаташна тIехь толам баьккхича, иза вуно шуьйра даздеш а, цунах юх-юха а тамашаш а, дозаллаш а деш а хиллачу оьрсийн спортхоша шаьш канадхойн карахь оццул йоккхачу чотаца эшар доьналлийца лан ца делира. Хоккейн исторехь цкъа а ца хилла осал кеп хIоттийра цара, толаман совгIаташ канадхошна дIадекъале, церан пачхьалкхан гимн локху мIаьрго тIекхочушехь, цуьнга ла а ца дугIуш, шанан майданера хахкабелла дIабахара оьрсийн ловзархой.

Цу хьокъехь карладовлу I972-чу шарахь иштта хIинца санна канадхой, советийн тобий чемпионатан финалехь ловзучу хенахь гIарваьллачу спортан комментаторо Озеров Николайс „Иштта хоккей вайна-м оьшуш яц!“ аьлла тоьхна хилла мохь. ХIетахь цкъа хьалха Советийн тоба тулуш йоьдуш хиллехь а, амма шайн шаболу ницкъ гулбиначу канадхоша 6:5 жамIица толам баьккхира. ХIинца, Оьрсийчоьнан тобано оцул спортан Iадаташца йогIуш йоцу амал гайтар шена хиъча, хIун эр дара-те цIеяхханчу комментаторо аьлла хаттар кхоллало.

Ловзар фотокорреспондетиийн могIаршлахь ловзхар тергалдеш хиллачу оьрсийн вевзаш волчу журналиста Адамагов Рустема шен Фейсьук тIерачу агIонехь яздинера, ша 1968-чу шарахь дуьйна хоккейга хьожуш ву, и санна осала а, маьттаза хIума шена цкъа а гина дацара, аьлла. „СовгIаташ декъа буьйлабелира, ткъа Оьсрийчоьнан тоба букъберзийна, дIаяхара. Гимн а лакхале, байракхаш а айбале. Шайн бIаьргашна гучух тешаш бацара нах. Оццул спрортаца ца догIу лелар дара оьрсийн хоккейхоша гайтинарг- цхьа а тайпа ларам ца хилар- я и ловхарш вовшахтоьхначаьрга а, я хьовсархошка а. Массо а стаг шокехь виснера. Ткъа трибунашкахь болчара шакарш йиттира. Эша а хаа ма деза“, - иштта яздинера журналиста.

Хоккейн матчашка дукха жима йолуш дуьйна шен деца цхьаьна хьежаIемина а, цуьнга болчу безамна тахана а хьожуш а ю ша бохуш дийцира Маршо радионе Венехь ехачу Султанова Йеситас. Оьрсийн спортхой я шаьш толам баьккхича, иза оьзда базбан а, я шаьш эшча, иза доьналлийа тIеэца а ца хууш, осала лела тIаьхьарчу хенахь бохуш дийцира цуо шена зеделларг.

БIеннаш спортйезархой доллучу дуьнентIехь иштта цец-акъ бевлла бисина Оьрсийчоьнан хоккейн тобано хIоттийначу осалчу гIиллакхах. „ДIабаха. Я сий а дац, я оьзденгалла а“, - аьлла яздинера цу кийсак гойтучу Youtube сайт тIерачу видеона бухахь цхьана спортезархочуо.

„Ма эхь ду иза, гIело хиллачу беран тIорзанийн санна дара церан лелар“ - аьлла яздинера цхьа кхечо.

Цу юкъана Оьрсийчоьнан хоккейн тобан пресс-атташе волчу Ларин Игорс оршот дийнахь журналисташка бинчу хаамца, цу тобан декъашхоша хIоттийна осала кеп хоккейн а, спортан а хьукматхоша къастор йолуш ю.

XS
SM
MD
LG