ТIекхочийла долу линкаш

Зуда ягийначу овхIанхойн кхелера


ОвхIанистанехь кхело цхьацца шо хенаш тоьхна полицин 11 эпсарна, Кабулехь наха зуда йоьш царна дуьхьало ца ярна. Шинарийдийнахь и сацам дIакхайкхош суьдхочо Моджадеди Сафиуллас апеляци ян бакъо а ю хенаш тоьхначеран, элира. Кхин а 8 полисхо бехках хьалхаваьккхина.

Ши бутт хьалха ФархIунда цIе йолу зуда, цо Къуран дагийна аьлла, шайггара кхел а йина ерна, цул тIаьхьа ягорна бехкевеш, кхеле валийна вара 49 стаг. Ткъа ца хиллера зудчо и зулам дина а. Бохамо сагатдойтура вуно дукха нахе. Хьалхо виъ стаг вен а кхачош, маситтанна 8-16 шераш кхайкхийра набахтехь даха. 18 стаг мукъавитина, бехк къастабелла бац аьлла.

XS
SM
MD
LG