ТIекхочийла долу линкаш

Палмирин хIолламаш кхерамехь бу


Ширачу заман гIала Палмира кхоалгIачу декъанна «Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобанийн карахь ю. И хаам бинчу Шемарчу бакъоларъярхоша дийцарехь, тIемашца кхаьчна цунна чу жихIадхой. Тадмур олучу Шемарчу гIалина уллехь ю Риман империн заманахь, 2000 шо хьалха хIоттийна хилла и гIала.

Дуьненан мехалла а лоруш ЮНЕСКА-но ларъеш йолчу Палмирина тIемалоша зедарна кхоьру Шемара бакъоларъярхой. Иракъан а, Шемин а доккхах дакъа дIальцначу «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу тобанаша яхначу аьхка массех ширачу заманара гIап, гIала, хIолламаш хIаллакбира Иракъехь.

XS
SM
MD
LG