ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузене дIахьедар дина Лавровс


Кремл кийча ю Малхбаленца вовшашна пайдахуьлу юкъаметтигаш лелон, аьлла дIахьедина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс. Кхаарийдийнахь Федерацин кхеташонца къамел деш цо бохура, шина агIонна зене ду Малхбаленна Оьрсийчоь «Украинерчу Iедална дуьхьаллаьттачу ницкъашна тIекарло йийриг санна гар». Москох догйовха ю, Вашингтоно, шен Киевца тасаделлачу гергарлонах пайда а оьцуш, Украина тIеман керла авантюра эккхийтарх хьалхайоккхург хиларх, бохура Лавровс.

Малхбалено бехкейо Оьрсийчоь цо Украинерчу кризисах пайда а эцна, стохка ГIирма шена чуерзорна а, карарчу хенахь Донбассера сепаратисташ ир-кара хIитторна а, царна гIоьнна тIеман ницкъаш а, герзаш а хьийсорна а. Ткъа Оьрсийчоьно цуьнан даре ца до. Брюсселехь шинарийдийнахь къамелдеш Лавровс бохура, Европан Берто зен дан тарло Оьрсийчоьнан интересашна, цуьнан лулара мехкаш тIеман альянсе НАТО а ийзош. Кху кIиранах ялх мехкан дипломаташ Ригехь гулбала дагахь бу, оцу гуламо марсабохур бу Оьсрийчоьнний, Малхбезенний юкъабоьлла цакхетамаш, элира Лавровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG