ТIекхочийла долу линкаш

Аятоллас зарратан программа юьйцуш


ГIажарийчоьнан аятоллас ХIаменаи Iелас дIахьедина, шаьш зарратан хьокъехь бинчу бертал совдаьккхина хIума бохур дац бертахошка-пачхьалкхашка, амма бохкуьйтур бац шайн мехкан тIеман объекташ зен арахьара эксперташ, аьлла.

ГIажарийчоьнан зарратан программа йийцаре ечу Iамеркан Штатийн а, Оьрсийчоьнан а, Китайн а, Ингалсенан а, Францин а, Германин а дийцарш доьрзучу кхочучу юкъанна нислуш ду аятоллан и къамел. ТIебогIучу беттан тIаьххьарчу дийнахь куьйгаш а яздеш тIеэца безаш бу ГIажарийчоьнан зарратах буьйцу барт.

XS
SM
MD
LG