ТIекхочийла долу линкаш

Эзарнашкахь легала боцу мухIажарш хIурдахула Евробертан пахьалкхашкахь схьаэхаро холчу хIоттийна Европа цу балина дуьхьало ян некъаш лоьхуш ю. Оршот дийнахь Цхьаьнакхеттачу Европин арахьарчу гIуллакхийн министраш бинчу бартаца, мухIажарш лелочу хIурдакеманашна тIеман ницкъаца дуьхьало йийр.

Легала боцучу мухIажаршца а, уьш дIасалелочу контрабандхошца а къийсам латтор дара оршот дийнахь Брюсселехь цхьаьнакхеттачу Евроберта юккъейогIучу 28 пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министарша дийцаре дина хиллачех коьрта хаттар. Муха къастон догIу эзарнашкахь Европин хинбердашка хьевдинчу Африкерчу мигрантийн гIуллакх?

ХIун дан йиш ю уьш оццул лакхарчу терахьашкахь хIурда чу а эгаш, ца балийта? Муха ларйала йогIу иштта а гIап санна чIагIелла йолу Европа кхайкхаза богIучу хьешех?

ТIаьхьарчу беттанашкахь Евробертан кулуарашкахь хададза дийцаре деш дара, мухIажарш цу бертана юккъе йогIучу 28 пачхьалкхенах хIораннехь а бекъа беза, бохург. Цу Iалашонца Еврокомиссин куьйгалхочуо Юнкер Жан-Клода тидаме диллинера, мухIажарийн квотанаш хила еза, муьлхачу пачхьалкхено мас мухIажар тIеоьцу бохург билгалдоккхуш, бохург.

И квоташ пачхьалкхе тароне хиларе а, цигахь бехачу нехан терахье а, цигарчу болхбацаран лакхалле а, ткъа иштта цара хIинцалца схьа тIеэцначу мухIажарийн терахье а хьаьжжина хила езаш яра, Юнкеран кхетамца.

Амма Евроберта юккъе йогIучу 28 пачхьалкхенах I0 цу доладарна реза ца хилла. Цу резабоцучаьрна юккъехь ю Британи а, Чехи а, Словаки а, Венгри а, Полша а, Испани а, ткъа иштта Балтика хIурданан гуонахь Iуьллу кхо а пачхьалкхе. Иштта, масала, Венгрин премьер-министр волчу Лазар Яноша дIахьедар дира цу хьокъехь, шен пачхьалкхено эццане а оьцур бац оццул дукха мухIажарш тIе, Евроберто иштта сацам бахь а, аьлла.

Ткъа Британино ша цу проектана реза ца хилар и сацам бахьана долуш кхин а алсамох къечу меттигашкара мигранташ Европе кхача гIуртур бу бохучуьнца бакъдира.

Евробертан куьйгалло шен сайти тIехь зорбане яьккхинчу информацица, Еврокомиссин куьйгалхочуо Юнкер Жан-Клода кхоьллинчу планаца, гергачу шина шарахь Евроберто шех кхозлагIа дуьне олучу къечу пачхьалкхашкара, уггаре а хьалха Африка континент тIера 20 эзар мухIажар тIеэца декхар ду. Уьш, и мухIажарш, Цхьаьнакхеттачу Европин тайп-тайпанчу мехкашкахула дIасабоькъур бу.

Уггаре а дукхаха мухIажарш тIеэца декхарийлахь йина Германий, Франций, Британий. Ткъа уггаре а кIезгоха мигранташ кхочур бу Финляндиний, Балтика хIурдана гуонахьарчу Эстониний, Литвайний, Латвиний. Тамашийнарг ду, нагахь санна цу гIайгIанан доккхах долу дакъа шега кхочуш йолу Германий, Франций квоташна дуьхьал яцахь, мелхо а кIезгоха нах тIеэцар тIедожийна йолу пачхьалкхаш – Эстоний, Латвий, Венгрий, массарел а чIогIа цу планна резайоцуш хилар.

Иштта а Евробертана юккъера ша дIаер ю бохуш кхерамаш туьйсуш йолу Британи а Еврокомиссин Iалашонашна дуьхьал. И стенца доьзна ду бохучух Маршо радио кхетийра цу махкахь вехачу Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахо волчу политолога Асхабов Хьамзата. Цу дийцарехь, хIинцалца схьа мухIажар кIезга а, дукха а Европехь тIецар экономикан хьелашца доьзна дара, и дукхахьолехь гуманитаран хьежамаш бахьана долуш лелдо бохург дIакхайкхош хиллехь а.

Амма тIаьхьарчу шерашкахь Евробертан юккъейогIучу дукхахчу таронечу пачхьалкхашкахь экономикан кризис хиларна а, болхбацаран терахьаш лакхадовларна а, ткъа иштта политикехь популистийн хьежамаш алсамбовларна а шайн мигранташ йолу юкъаметтигаш юхалуьстуш ю и пачхьалкхенаш.

Асхабов: „Хьалха Евроберто мухIажарш алсам тIеэцаран бахьана хIнца дIадаьлла. ХIунда аьлча даханчу шерашкахь цара экономикан бахьанашца тIеийбеш бара мигранташ. Шайна лаахь а, ца лаахь а, шайн бахархой реза белахь а, бацахь а, царна белхан куьйгаш оьшура, белхан ницкъ а оьшура.

Амма тIаьхьарчу шерашкахь Евробертан низамашца цхьа могIа хийцамаш хилла, къех йолчу Европерчу меттигашкара, масала, Полшера а, Румынера а болхлоьхурш хIинца мичча а таронечу Европерчу махка а воьдуш, болх бан йиш йолуш ву. Цундела генара схьа а оьхуш, кхузахь политикан тховкIело а йоьхуш, даиманна а кхузахь бисса дагахь схьаоьхуш болу нах Европина ца оьшу“.

Цу юкъана оршот дийнахь вовшахкхетта хиллачу Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министраша кхин цхьаъ мехала сацам тIеэцна. Цара барт бина тIебогIучу баттахь дуьйна иллегала мигранташ хIурдахула дIаса а лелош, царна тIехь ахчанаш дохуш болчу контрбадхошна дуьхьал тIеман ницкъаца операцеш ян.

Европин коьртачу дипломаташа динчу гулахьчу дIахьедарца, церан Iалашо ю, „мигранташ Дуьненаюкъарчу хIурдахула дIасалелочу контрабандхойн бизнес-модел йохон“. Либин хинбердашна уллохь сателлиташца талламаш а беш, цигарчу контрабандхойн леламашна тIехь терго йийр ю Евробертан ницкъаша цкъа хьалха.

Цул тIаьхьа Евробертан хIурдан эскарша цу контрабандхойн хIурдакеманаш хIурдалахь сецаа деш, уьш толлур ду, легала боцу мигранташ лохуш. Карийначул тIаьхьа цу тIера мигранташ шаьш схьабаьхкинчу юха буьгур бу, ткъа контрабандхой хIурдакеманаш дохор ду.

XS
SM
MD
LG