ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лецарш ца хеда Нохчийчохь


Сop car
Сop car

Нохчийчохь, хьалха а санна, ца хеддаш луьттуш бу нах, толлуш ю церан дог-ойла, Iедале болу хьажам, лоьцуш бу мацца а цкъа нохчийн тIмалочунна хин чами кховдинарш а. РогIера лецарш нисделла кху деношкахь а.

Ницкъаллин структураша махкахь билгал а бохуш, хаддаза лоьцуш бу тайп-тайпаначу хенашкахь кхачанан сурсаташца а, бедаршца а, молханашца а тIемалойн аьтто бина бахархой. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iорадаккхарца Соьлжа гIалахь сацийна 27 шо долу, цIарца вуьйцуш воцу, цIера Теркйист кIоштера вахархо.

Полисхойн урхаллин хьостано чIагIдарца лаьцначо даре дина ша 2012 шарахь юучуьнца-молчуьнца а, молханашца а, тIеман барзакъ-коьчаллица а гIо дина гIаттамхошна аьлла. Цул сов цуо, дийцарехь, къаро йина, ша царна тховкIело каро а, дехьа-сехьа бовла а аьтто бар хьокъехь. Низам девзачарна хетарехь.цуьнга кхийдо бехкаш бух болуш, бакъ карабахь, куьг бехке лоручунна иттех шо хан тоха а сахьт дац.

Цу кеппара тIемалошка гIоьналлин куьг кхийдорна бехке а беш кху тIаьхьачу деа-пхеа кIиранчохь бахархой лецна СоьлжагIалин а, Веданан а кIошташкахь.

ТIемалойн агIончаш санна, кхела хьалха а хIиттош, жоьпе ийзош бу генарчу Шема пачхьалкхан тIамтIе ихна вайнехан кегийрхой а. Иштачех ву шо хьалха Москвахь Шереметьево аэропортехь лаьцна, кхушера чиллана баттахь Нохчийчоьнан лакхарчу суьдо 3-5 шо хан тоьхна Эдильханов Хьасан.

Цу сацамна резабоцчу адвокаташа чуделла арз-кехат бахьнехь юха и дов листина Оьрсийчоьнан Лакхарчу суьдо а кху карарчу стигал къекъаран беттан 13-чу дийнахь. Цигахь а нийса лерина Эдильханов Хьасанна дина таIзар. Москохарчу суьдо а хьесапе ца эцна, Iаьрбийн пачхьалкхехь боьдучу тIамах чам а баьлла, 5-6 кIира бен ца доккхуш, куьг бехке лоруш верг цигара ведда хилар а, цо цигахь зуламаш дина аьлла тоьшалла цахилар а.

Шайн боцчу тIамехь дакъалацарна цу Эдельхановн санна девнаш суьде а кхачийна, таIзар динарш кхузахь кхин а бу. Масала стохка гурахь набахтехь яккха кхо шо хан кхайкхийна Заводан кIоштан суьдо Шема пачхьалкхан тIамехь чов а йина цIавирзинчу Каримов Рустамна а.

Цу хийрачу махкахь бусалба наха вовшийн хIаллакбеш дIахьучу тIаме сацам а боцуш, лесташ берш дукха хиларна нохчийн Iедало нийсса ши шо хьалха мукIарло дира Шемарчу тIамехь дакъалоцуш вайнехан векалш а бу аьлла. Ма-дарра аьлчи и тIом иккхичхьана а урхаллехь болчара маггане а магош хIума дацара нохчий цига эхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG