ТIекхочийла долу линкаш

Нажи-Юьртарчу полицин хьаькамо шел шозза-кхузза жима зудаялор ватсапехула дийцаредарна Нохчийчуьрчу цхьацца меттигашкара нах а лехьийна, царна довдина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шинарийдийнахь. Иза мел догIу низамца, Iедалан бакъо юй оцу кепехь нахана тIеIаткъамбан?

ТIаьххьарчу шерашкахь интернето яккхий таронаш ло хIоранна а болх бан, садаIа, доттагIашца уьйр латтон, беза-бевзачаьрца долу гергарло шир ца далийта а.

Дуккха а социалан машанаш ю цунна кхоьллина: Вайбер, Одноклассники, Фейсбук, Инстаграм, уггаре а Нохчийчохь гоьяьлла лела Ватсап а.

Воьдуш,вогIуш нахана юкъахь хеза «Хьайн номер лохьа.Ватс апп юй хьан?» Ткъа хIун ю-те Ватсап: пайда бохьу цо я зен до?

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шинарийдийнахь мехкан полицин хьакамашций, Iеламнахаций, прессин куьйгалхошций шен хиллачу цхьанакхетарехь луьрра дIахьедина, социалан машанаш зуламе бу, цара нохчий эладиттанашка а берзабо аьлла.

Шогга динчу къамела бухадиллинарг ду кху деношкахь дуьненаюкъарчу зорбанашкахь дийцаредеш лелларг - Нажи-Юьртарчу полицин куьйгалхочо Гучигов Нажуда, ца лаахь а, лууш санна, I7 шо долу Гойлабиева Луиза маре йигар.

Кадыров: «Вай массара а тахана ара а девлла, эладиттанаш дуьйцуш болу нах совцо беза. 3-4-5 бIе милцо ву, хIун деш бу уьш тахана? Ара а баьхна, ярташкула, гIаланашкахула буьлла белла лелуьйтуш, буьйсанна-дийнахь, дIа а ца буьйшуш Iа беза-кх. Схьабало беза, шайн нахана дIа гайта, хьовсал, шун йоIа лелон питана хаьий хьуна. бохуш. Социалан машанашкарчу церан группаш чу а буьйлуш, цара дуьйцург хIун ду а хьожуш, цул тIаьхьа таIзар дан деза».

Зазадоккху-баттахь Нохчийчоьнан эфирехь Кадыров Рамзана кхайкхам бинера Оьрсийчоьнан бахархошка Iамеркахь кхоллабелла а, бух лаьтта а социалан машанаш битар, царна чуьра арабовлар доьхуш. Машанаша кегийрхойн кортош хьийзабо, дог-ойла Малхбузенехьа йохуш, бохура Кадыровс.

Дуьнено хьесапе а ца ийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхайкхам. РогIехь, ша дуьйцучух ша а тешаш, юха а бина цо шен керла кхайкхам.

Маршо Радионо хеттарш дира Нохчийчоьнан бахархошка, социалан машанаш таханалерачу дахарехь оьшуш юй-те, я уьш къевлича, интернете боьду некъ а бихкича, хийцалур дуй-те бахархойн Iер-дахар, къам Кадыровна оьшучу хотIехь оьздангаллин хорша доьрзур дуй-те, аьлла.

Соьлж-ГIаларчу цхьана школан хьехархочо Ильясов Руслана йовзийтира оцу хьокъехь шен ойла.

Ильясов: «Интернет яцахьара вайн йиш а яцара, эладиттанаш дуьйцурш вайга совца а лур бац. Ватс апп генахь болчу шен гергарчаьрца уьйр латто оьшуш ю, цхьаццаболучара питана юкъа а дуьллий дуьйцу къамелаш».

Австрехь еха Дацаева Йисимат. Дуьне ма-дду баьржинчу нохчийн мухIажиршна интернет Iаламат оьшуш гIирс бу, хIунда аьлча, шайн цIийнах-цIарах, бевзачех-безачех хаьдда бехачучу царна социалан маша тIаьххьара хьаса бу даймахкаца зIе латтон, боху зудчо.

Дацаева: «Тахана суна а, со санна болучарна а доккха хIума ду хIара интернет, ватс апп. ХIунда аьлча массо а гергара нах тхан цIахь бу, цаьрца уьйр латто хIара йолуш суна доккха хIума хета. Iедалан синкъерамах, цара ловзочу ахчанах, цара дууш долчу дуьненах тамаш беш а, царех самукъадолуш а бац, ца боьвллачу денна махкара арабевлла мухIажирш. Церан дуьне ду хIара.

Тахна цхьана мискачунна и йоI еза а елла, церан барт а хилла, цо и ялийнехь, тIе а кхайкхина оцу Iедало, корта а олийна вукхо, юьхь йохур яра, эхь ца хета хьуна, хьан бера беран хеннара ма ю и йоI, Делах эхь ца хийтира хьуна цуьнга дIахьажа, бохуш. Нажех, цуьнан нускалх бан тамаш болуш, я самукъа долуш бац даймахке сатуьйсуш, са хьийзаш беха мухIажирш».

ТIаьххьарчу денойн хиламашца доьзна, аьлча а, гIарадаьллачу къена маренах лаьцна берийн бакъонашкахула Оьрсийчоьнан президентан векал волчу Астахов Павела, ша юкъагIерта оьшуш хьал дац, шиннен а лаамца хуьлуш захало ду иза, цул совнаха, адамийн дахара юкъагIертар, церан ойланаш-лаамаш литтар, юкъакхийдар Оьрсийчоьнан низамо доьхкуш ду, элира.

Меттигерчу телевизионехула Кадыров Рамзана а бехк баьккхира нахера, шена низамаш довзийла а хоуьйтуш, адаман шенна кхочучу дахарна юкъагIертар могуьйтуш дац, бакъонаш йохор ду, аьлла.

Ткъа деношкахь Ватсаппехь Байтаркъера нускал дигар кара-кара оьцуш дийцарна дIа лахьийна, бехкебина зударий а, божарий а, церан телефонан къайленаш а йостуш, церан къамелашка ла а доьгIуш, бигинера Кадыровгана тIе, цуьнга церан юьхьъяхийта.

Иза ца тайнарш а бу Маршо Радионе тахана а яздеш, дуьйцуш.

Хьалхо йистхиллачу Дацаева Йисимата иштта довзуьйту оцу тIехь шена хетарг.

Дацаева: « Тахана хIусамден говр ю, масала. И стаг къаьркъа моьлуш ву. Малар молий цо юьрт мел ю говр хоьхку, и говр цуьнгара дIаяьккхича оцу хIусамден хIун толур ду? И нислур вуй? Говран бехк ма бац, хIусамдас къаьркъа а меллла, юрт мел ю ша хехкарх.

Интернет дIаяккхарх нислур долуш хIуммаъ дац. Шена чу кхоьсинарг, нахала-м доккху цо. Тахана адамо ша хадон беза шен мах, диканна а, вонна а. Оцу стага шен хаддийна мах бу-кх оцу интернетчохь берг!»

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG