ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлца гергарло хадош ю Киев


Украинан парламенто сацам тIеэцна Оьрсийчоьнца тIеман юкъаралла хадон. Иштта бохош бу Киево тIеман хьашташна иччархошкахула, къайлах информаци екъарехула, тIеман транспорт махкахула чекхйийлитарехула, юкъахь герз эцарехула лелла барт.

Бахьане диллина Донбассехь юкъ-кара тIемаш Оьрсийчоьно, хьалхо Минскехь бина машар а бохош, сепаратисташца гергарлонаш латторна лелхаш хилар.

Шо хьалха Донбассехь буьйлабеллачу тIемашкахь велла 6100 стаг. Украино Оьрсийчоь бехкейо цо гIаттамхошна герз латторна а, царна гIоьнна эскархой а, герзаш а хьийсорна а. Амма Москох къера ца хилла цунна цкъа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG