ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1 миллион кхаъ эцарна - 7 шо


Краснодарерчу кхело 60 миллион сом гIуда а тухуш, 7 шарна набахти къастийна Талламан комитетехь болх бина Пачерская Анна цо миллион сом кхаъ эцарна. И ахча даьккхина цо кредиташца бозбуанчалла лелорна ша зуьйш хиллачу бизнесхочуьнгара, бехктакхаман гIуллакх дIакъовлург. Хан тоьхнехь а, шен 14 долу бер кхиина даллалц маьрша юьтуш ю Пачерская. И хаам бо Талламан комитетан Краснодарерчу декъо шен сайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG