ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терк дIаьвше хиларх боьлла нах


Нохчийчоь --Терек-хи, 2015
Нохчийчоь --Терек-хи, 2015

Къилбаседа Кавказан мехкашна юккъехула а долий, Таркхойн хIордах кхеташ долчу Теркан хиша гойту ерриг а регионан жил-Iаламан могашалла, экологин аьхналла. Амма и хи кхин тIалам боцуш, бехдо сихха, атта шайн хьал дебон Iалашо лаьцначу хьукматаша.

Ставропол мехкаца а, ДегIастанца а дозанаш а долуш,Нохчийчохь Теркаца Iохкуш ю Щелковск, Новр, Теркйист кIошташ. Цигара бахархой теш а болуш, кху тIаххьарчу шерашкахь Iаткъаме ламаст а хилла дIахIоьттина Х1ирийн мехкан лаьтта тIехь дIаьвше кочаллаш чу а хоьцуш и ламанан хи бехдар бахьнех Iаламна инзаре чIогIа зедар, чот йоцуш дукха кегийра а, даккхий а чIерий дайа а дойуш.

Кху деношкахь юха а бехдан тарло Терк бохуш ладегIамехь беха аренгара юьртахой. Царна кхаъ хилла Х1ирийн мехкарчу Iаламах дог лозучу могIарерчу наха шайн коьртачу шахьрахь Терк бехдар зорбанехь гIардаккхар.

«Кавказан узел» газето чIагIдарца Буру-ГIалин прокуратуро а, Iаламна жоьпалле йолчу урхаллаша а зераш долийна кху беттан I6 –чу дийнахь, Терк цIечу басе дерзош хичу цхьа кочалла хецарх.

Цул тIаьхьа ши-кхо де даьлча цхьана ханна марганцовки баса дирзина хи цхьа хIума чухецар бахьнехь. Зераш долийначу урхаллин говзанчаша билгалдоккху кху карарчу баттахь Терк кхузза бехдина хилар, ткъа могIарерчу буругIалахоша дийцарехь Терко бос хийцар дуккхазза а тергалделла.

ХIинццалц и саннарг цкъа а цахиларна,нохчийн бахархошна товриг ду Терк бехдар хьокъехь Х1ирийн мехкан бахархой и гIуллакх коьртах а даьккхина, шаьш меттахбовлар.

Ткъа хIинццалц схьа чот йоцуш, дукха чIериш дойуш Терк бехдарх дуьйцуш бу Новр кIоштан Ищери юьртара бахархой, зеделла чIерийлецархо Мусаев Мовсар а,цуьнан кIант Мохьмад а.

Мовсар: «Бехдо бохург бакъ ду-кх. ЧIерий охьакхоьхьу хино, тIехула а довлий. Спиртзаводашкара а, кхечанхьара а дIаьвше кочаллаш ю-кх цара чухоьцурш. Ши-кхо шо ду и хIума тергаллуш долу. Шекъа басахь, я кхечу басахь Терк хилар тхуна хааделла дац, стенна аьлча, хIара Буру-ГIалина гена меттиг ю, кхуза схьакхачале элой хино шен бос оьцу.

Хи дукха ма ду, дIаэло-кх. Кхушара чухецаза ду, ладоьгIуш Iаш-м ду тхо».

Маршо Радио: ЧIара шо-шаре мел долу, ледара бу бохург, цу хи бехдарца доьзна-м дац техьа?

Мовсар: «Цуьнца доьзна а ду, тIаккха д1о лахахь таркхой хIорд къевлина хиларца доьзна а ду. Хьала ца боуьйту чIара».

Маршо Радио: Хьуна хетий иза дIаьвшечу кочаллица доьзна?

Мохьмад: «Ду дер-кха дIаьвшаца доьзна муха дац. Шадоллу кегийра чIерий канашца схьа а эцалуш делла Iохкуш дар-кх бердаца. Хийла даккхийнаш хуьлура, дакъа а делла Iохкуш. Карабеънарг цIа а беъна, чари чу дехкича, хьожанна цу юххехь ца Iалор-кх. Лаьхьанах тера угарь чIара-ам хуьлура белла охьабохьуш».

Маршо Радио: И дIовш чухецаро дечу зенийн хьесап деш стагга а ву те?

Мовсар : «Лакхара дуьйна охьа цхьа хIума ца дахь, ярташкахь бехачаьрга кIадда а далур дац. Оьрсийчоьнан кхечу кIоштехь хи бехдича, «орца» бохуш массо а араволу, ткъа кхузахь цуьнан бала болуш стагга а вац».

Соьца хIора шарна мосуьйттаза Терк бехдар хьокъехь дийцина Мусаев Мовсар а, кхинберш а дегайовха бу, бала кхочурш а хилла, нах меттахбовлар бахьнехь, бехкечарна таIзар а деш, Iаламехь гIело яллор сацор ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG