ТIекхочийла долу линкаш

Иракъера ХIусейба а яьккхина жихIадхоша


Кхин цхьа гIала а яьккхина «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу жихIадхоша Иракъехь - деношкахь шайн караэцначу Рамади гIалан уллера ХIусейба. Оцу гIалин куьйгалхойх ву и хаам баржийнарг шайх ФахIдави Рафи. Цо бахарехь, полици а, меттигера тIемалой а юхабевлла гIалара, цунна тIе даккхий герзаш диттинчул тIаьхьа.

Шеминний, Иракъанний дозане кхаьчна, цигара ал-Валид олу меттиг а лаьцна жихIадхоша еарийдийнахь. Контр-тохар дан кечлуш ду гIажаройн шиIатойх лаьттачу тобанашца цхьана Иракъан Iедал.

XS
SM
MD
LG