ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТехIеран гучуяьлла хIутхIошна герз хьош


Йеменерчу шиIатойн гIаттамхошна герз хьош хинкема сацийна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин белхахоша Джибути-гIалин бердашца. Хаамо бахарехь, иза Гiажарийчуьра доьдуш хилла. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин кхачанца гIодечу хьукматан белхан декъахь йемехнхошна юург эцна доьду аьлла дIаяздина хилла кема.

Ткъа гучудаьлла Йеменрчу Iедална а, СаIуда Iаьрбийчоьнан а, Iамеркан Штатийн а ницкъашна дуьхьаллаьттачу хIутхIешна иза герз эцна доьдийла. СаIуда Iаьрбийчоь а, цуьнца цхьаьна суннатойн мехкаш а тIемаш беш бу Йеменера президент а эккхийна, цигахь карчамбан гIертачу тIемалошца. Даржера вохийна президент къайлаваьлла веха Эр-Риядехь.

ГIевттинчу шиIатошна-хIутхIошна герзаца гIодо бохуш бехкейо дуьнено ТехIеран.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG