ТIекхочийла долу линкаш

Массарна а гуш вадийна Магомедов Мухьаммад


ХIинжа-ГIалахь бевзашбоцучара лачкъийна жигархо, «Нийсонехьа болучийн цхьаьнакхетаралла» цIе йолчу юкъараллин куьйгалхойх волу Магомедов Мухьаммад. Дагестанан университетна уллехь машен сацийначу туьтмIаьжигашкахь хиллачу кхаамма вигина иза.

Кхечу цуьнан белхан накъоста Абакаров Абакара Фейсбукехула хаамбина, дерриг а ган а гуш лаьттира оцу меттехь къепенан тергоеш болу полисхой, аьлла.

Махкарчу коррупцина дуьхьал гуламаш бина а, Москох стохка расизмана дуьхьал митинг хIотто гIиртина а ву Магомедов. «Кавказан Узел» газето дийцарехь, иза бахьанехь экстремизм яржорах долу бекхтакхаман гIуллакх гIаттийна а хилла цунна дуьхьал.

XS
SM
MD
LG