ТIекхочийла долу линкаш

Дешица кхелина статуя хIоттийна Бердымуххамедовна Ашхабадехь


Туркменин президентан Бердымуххамедов Гурбангулын статуя схьайиллина Ашхабадехь. Дашоца кхелинчу мемориало гойтуш ву туркменийн къоман духар доьхна волу цу мехкан куьйгалхо. Иза говрахь ву, леккха айина куьг а долуш. Цу монументан локхалла ю 21 метр. Иза официалан кепара схьоьйллур йолуш ю Ашхабад йиллина де даздеш.

Туркменин Iедалша чIагIдарехь, пачхьалкхан куьйгалхочуьнан монумент кхолла аьлла дехар динарш бу цу мехкан бахархой. Бердымуххамедов Гурбангулы Туркменин президент хIоьттина 2007-чу шарахь. 2012-чу шарахь хиллачу президентан харжамашкахь, Iедалша дийцарехь, цунна шайн кхаьжнаш дIаделира 97 сов процент харжамхоша.

XS
SM
MD
LG