ТIекхочийла долу линкаш

Iожалхошо эккхийтар дина ОвхIанистанехь


ОвхIанистанехь Iожалхочо эккхийтар дина Забул олучу провинцехь. Цу тIелатарехь цхьа стаг вийна, 40 - чевнаш йина ву. Iедалша бинчу хаамца, масийтта тонн саьмгар хилла Калат олучу гIалахь Iедалан гIишлонна уллехь цо дIахIоттийначу машенна чохь.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, беллачу нехан терахь алсамдала мегаш ду, дуккха а еза чевнаш йина нах хилар бахьана долуш. Цкъачунна и эккхийтар шаьш дина аьлла гучуваьлла стаг вац. Дукхачу хьолахь цу тайпа тIелатарш деш берш бу Талибан олучу боламан декъашхой.

XS
SM
MD
LG