ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIолливудерчу режиссеран кинохь дакъалоцуш ву Кадыров Рамзан


ХIолливудерчу режиссеро, ша коьрта турпалхо а волуш, кино йоккхуш ю аьлла хаам бина Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Инстаграммерчу агIон тIехь дийцарехь, цу филман цIе ю «Цакхеттарг кхетар ву» аьлла. ХIолливудерчу режиссеран цIе ца юьйцу цо.

Кадыровс Iораяьккхинчу видеон роликан тIехь иза, коча тесна пулемет а йолуш, тIеман духар а доьхна, ведда воьдуш ву ломахь, гонахяьккхина масийтта Ниссан джип а йолуш.

Гарехь, и машенаш Нохчийчохь номерш елла ю. Кадыровс а, машенашкахь болчу цуьнан накъосташа а ирх герзаш детта. Кхин билггала цу кинох лаьцна хууш хIума дац.

Цуьнан анонс гучуяьлла «Открытая Росссия» олучу Ходарковский Михаилан фондо Кадыровх лаьцна яьккхина филм гучуяларца. Кадыровс хьалхо дIахьедар динера Ходорковский шен мостагI ву аьлла.

XS
SM
MD
LG