ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Анабарехь "Исламан пачхьалкх" олучу тобанна дуьхьал тIом болийна Иракъан эскарша


Иракъан эскарша «Исламан пачхьалкх» тобанна дуьхьал тIеман операци йолийна Анбар-провинцехь аьлла хаам бина цу мехкан пачхьалкхан телевизионо. Цу провинцин коьрта гIала Рамади дIалецира тIемалоша хьалхо кху баттахь.

Телевизионо бинчу хаамца, Иракъан эскархошна иза маьрша йоккхуш гIо деш ю меттигерчу бахархойх лаьтташ йолу шиIатийн а, суннитийн а тIеман тобанаш.

Рамади йожаро вуно онда Iаткъам бина, Iамерко куьйгалла дечу коалицино хIаваэхула тохарш а деш, Исламан пачхьалкх олучу тобанна дуьхьал лаьтташ болчу Иракъан тIеман ницкъашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG