ТIекхочийла долу линкаш

Ростох махкахь саьнгар яьккхина Украинин дозанца Оьрсийчоьнан дозанхоша


100 километр хилла еха саьнгар яьккхина Украинин дозанца Оьрсийчоьнан дозанхоша Ростох махкахь. Цул сов 40 километр дозанехь цхьацца дуьхьалонаш а йина цара. «Российская газете» ФСБ-н векалша бинчу хаамца, цуьнан Iалашо ю "Донан махкахь" кхерамазалла хилийтар а, бакъо а йоцуш, герз дIасакхехьарна новкъарло яр а.

Цара чIагIдарехь, хIара шо доладечлхьана 40 гергга тапча а, масатоп а, патарманаш а, кхин долу герз а даьккхина цара дозанехь. Хьалхо Украинин Iедалша дIахьедар динера гергарчу масех шарахь Оьрсийчоьнан дозанца пен бан дагахь ду шаьш аьлла. Цуьнан йохалла хир ю масийтта бIе километр.

Киевехь тешна бу Оьрсийчоьно Донбассерчу сепаратисташна герз латтадо аьлла. Кремло иза харц до.

XS
SM
MD
LG