ТIекхочийла долу линкаш

Вуззалц баа кхача боцуш 795 миллион стаг ву дуьнентIехь


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло бинчу хаамца, карарчу хенахь кху дуьнентIехь тоъал яъахIума йоцучу нехан терахь ду 795 миллион стаг. Вуьшта аьлча, хIора уьссолгIа стаг вуззалц баъа кхача боцуш ву.

2012-чу шарахь цу нехан терахь дара 870 миллион стаг. Дуьненаюкъаралло мацалла ловш болчу нехан хаьал тидамехь латто 25 шо ду. Цу хеначохь церан терахь лахделла 216 миллион стагана.

XS
SM
MD
LG