ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хиллачух цецъяьлла "Цхьааллин Оьрсийчоь"


Оьрсийчоь --Харжамаш, 2015
Оьрсийчоь --Харжамаш, 2015

ТIаьххьарчу шерашкахь цкъа а лайна боцу эшам лан безна деношкахь «Оьрсийчоьнан Цхьаалла» партин. Толам боцуш йисина иза Калининградан кIоштарчу Балтийск гIалин харжамашкахь.

Шаьш шайн кандидатураш хьалха теттинчу кандидатийн аьтто баьлла I5 харжамийн куьпахь I2 меттиг долабаккха.

Дисина 3 мандаташ кхаьчна кхаа партино хьалха теттинчу цхьаццаннан. И кхоъ ву «Нийсонан Оьрсийчоь», «Оьрсийчоьнан патриоташ» партешкара а, компартера а.

«Керла Калининград» газетано бечу хааамашца, харжамашкахь шаьш эшарх лаьцна комментареш ца луш, хьулбелла регионера «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин куьйгалхой.

Харжамашка баьхкина хилла 44 % нах, хаабо Калининградерчу «Клопс.ru» газетано.

Эшначу партийн декъашхоша шаьш резадацар хоуьйту, харжамаш низамехь дIа ца баьхьина, гIуллакх кхеле лур ду, аьлла, арздина «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин декъашхочо Сервут Артема меттигерчу зорбанан хьостанашка.

Иза а, цуьнан партера кхин векалш а шекбу, низамо ма-хьоьхху, цуьнан цхьа а хьаьрк а, дош а гал ца долуьйтуш, харжамаш дIабаьхьна хиларх.

Сервута тоьшалла до, шайн партерчу тергамчаша харжамашкахь лелийна харцонаш тидаме а эцна, кхаьжнийн цхьа дакъа ахчанах эцна а дара бохуш.

Харжамхой шайна тIеберзо, шайгахьа, шайн партешкахьа кхаьжнаш тийсийта болх бара дIахьош харжамийн дийнахь а тIехь, бохуш дуьйцу цо.

Харцо йина бохуш чIагIдечу цо дуьйцу, харжамхой кхаж таса богIура карахь къолам а болуш, шаьш къасточунна дуьхьал билгало а йой, тергамчашна гойтура шолгIа агIо, кхаж тосучу меттигна гена боццуш, уьш ларбеш нах хуьлура, цара мухIар тухура леринчу бланоктIе.

Оцу кехато бакъо лора царна ма-луъу кхаж тасарна кхочу ахча схьаэца. Иштта дуьйцу Сервут Артема, «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин Балтийскерчу декъашхочо.

«Оьрсийчоьнан цхьаалла» партин декъашхойн хаамашца, I-2 бIе сом харжамашка вахархо вахале луш хилла, ткъа кхаж тесначул тIаьхьа 3-7 бIе сом тIелуш хилла. Кхоже Iуьрре кхаьчначарна мах кхин а лакхара хилла, бохуш ду арз. Меттигерачу полицино 20 вахархо лаьцна харцонаш лелорна, боху, Сервут Артема.

Уьш доцурш, кхин а даладо Калилинградерчу зорбано, харжамашкахь лелла бохучу харцонийн масалш. Ткъа мел мухха а делахь а, Оьрсийчоьнан юкъаралла цецйоккхург ду хIинццалц цхьа а хало а ца хьоьгуш муьлххачу а харжамашкахь тоьлуш йолу, Iедалан парти шех халкъалахь цIе лелош йолу «Цхьааллин Оьрсийчоь» Калилининградан къоштарчу Балтийск гIалин харжамашкахь цхьа а меттиг ца йоккхуш эшар.

Маршо Радиоца къамел хиллачу "Харжамхойн бакъонашкахьа" олучу коммерцехйоцчу юкъараллийн ассоциацин эксперта Вайсенберг Василийс чIагдира харжамашкахь харцонаш лелор.

Вайсенберг: «Кхаьжнаш тийсинарш арабевллачул тIаьхьа цаьрга хьожуш нах хилла. Цара кехататIе мухIар тухуш хилла, оцу кехатца кхаж шайн агIончашна тасарна кхайкхийна мах схьацца тарлуш хилла.

Иштта, тхоьга хаамаш кхочура, кхаьжнаш туьйсучу чоьнашчохь схьахеза сурташ, видео йоху гIовгIа, бохуш. Наха хьанна кхаж тесна гайта деш хилла иза. Хаамаш кхочура, гучуюьйлучу петарш цу чохь Iаш дукха нах бу бохуш, масала, цхьана петарчохь 400 тIемало хилла, таллам бича билгалдаьлла петар чохь Iан хьелаш доцуш юйла. Оцу петаршкара схьа оьхуш, кхаьжнаш тесна хиллера.

«Цхьааллин Оьрсийчоь» кийча яцара иштачу дуьхьалонна, эшамна. I5 декъашхочунна ца кхаьчна цхьа а мандат. Партин декъашъой лерина бу харжамийн жамIаш кхеле дала.Хуур ду-кх, муха доьрзу».

Президентна Путин Владимирна тIекарло латторца евза парти халкъана хьайна-те, я баккъал а цхьа гIалатдаьлла-те регионалан харжамашкахь боху хаттар гIаьттина хIинца тергамчашлахь.

XS
SM
MD
LG