ТIекхочийла долу линкаш

«Кавказ Имарато» шена керла амир хаьржина


"Кавказ Имаратан" байракх

"Кавказ Имаратан" байракх

Бутт хьалха вийначу «Кавказ Имарат» амиран Кебеков Iела-Асхьабан меттиг дIалаьцна Дагестанерчу Сулейманов Мохьаммада. Муха ду тахана Имаратера хьал? Мел таронаш ю цуьнан карахь Къилбаседа Кавказехь шаьш Iедалца хIинццалц латтийна къийсам кхидIа а дIабахбан? И хаттарш ду тахана лелаш.

Бахначу беттан 20-чу дийнахь, даима а хуьлуш ма-хиллара, масситта бIе эскархо а, иттанаш гIагIадиллина машенаш а араяьхна, гобина, цIено а эккхийтина, цу чохь вийра «Кавказан Имаратан» лидер Умаров Докка кхелхича, шарахь амир лаьттина Кебеков Iела-Асхьаб.

Иза дийна а волуш буьйлабелира Дагестанера а, Нохчийчуьра а муджахIидаш «Кавказан Имаратна» шаьш биина дуй а бохош, Шемахь, Иракъехь тIемаш бечу, шех «Исламан Пачхьалкх» олучу боламан куьйгалхочунна ал-БагIдади Абу-Бакарна байIаташ дан.

Оцу бахьанийца интернетехула ша яржийначу видеошкахь Кебедов емал а бира шен куьйгакIелхьара бийлабоьлла муджахIидаш.

Баттахь хууш дацара мила хаьржина амиран кхерамечу дарже «Имарат Кавказо».

Ткъа хIинца баьржинчу хаамца – ала дашна, кхеташ дац иза хьангара, муха баьржина а – рогIера амир хIоьттина, шел хьалхарниг а санна, «Имаратехь» ШарIан кхел лелош волу Сулейманов Мохьаммад (ГIимрара Абу Iусман шех олуш волу къеда).

Харжамах лаьцна зорбанехь дуьххьара хаамбинчу Оьрсийчоьнан Исламан комитетан куьйгалхочунна Жемал Гейдарна а ца хаьа, муьлхачу хьелашкахь хаьржина амир Сулейманов.

Карарчу муьрехь Къилбаседа Кавказера дукха тIемалой «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашкахь Шема а, Иракъе а дIабахна хилар а, бухабуьсурш оццу тобанашна байIат деш хьийзар а юьхьарэцча, бакъо йолуш ду лела хаттар: хIун хир ду шех «Кавказ Имаратах», хедаш-м бац-те цуьнан некъ?

Маршо Радионо иштта хIоттийначу хаттарна шена хетачу хьесапехь жоп делира дуьненаюкъарчу талламийн институтан белхахочо, Кавказера хьал диллина шен тергонехь латточу Iилманчас, ша а дагестанхо волчу Ярлыкапов Ахьмада.

Ярлыкапов: «Кавказ Имаратна» гонаха хьал, цхьатеррачу боларахь хийцалуш, сихонца доьду. Бакъдан деза, "Кавказ Имаратан" амир Кебеков вийначул тIаьхьа ситуаци Iаламат чIогIа холчухIоьттина хилар, цул совнаха дукхахболу тIеман баьччанаш, лахарчу тIегIанеранаш массо а бохург санна, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIаийра.

Цундела "Кавказ Имарат" шалаьттар ю аьлла ца хета суна, и хир ю "Исламан пачхьалкхан" филиал. Ишта нислахь боккха кхерам бу. Таронаш ледара ю аьлла хета суна, дуьхьало ян. Шуна ма-хаъара, Оьрсийн пачхьалкхе тергонехь, тIеIаткъамехь ца латтало " Кавказ Имарат», цуьнан тIемалой, церан куьйгалхой.

Мел хIуъа дийцарх а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу боламан проектан тIаьхьало ю "Кавказ Имарате" ладоьгIча. Ткъа "Исламан Пачхьалкхан" филиал хилча дIахIоьттича, ахчанца алсам гIо хир ду Кавказерчу тIемалошна, шаьш-шайна, "Кавказан Имарат" аьлла уьш лелачу хенахьчул»

Кебеков Iела-Асхьаб вийча, цунах бисина меттиг шина стага дIалаца тарло аьлла яра тергамчийн прогноз. Буьйцучех хьалхарниг вара Нохчийчуьрчу гIаттамхойн амир Вадалов Асламбек. ШолгIаниг – хIинца амир хIьттина бохуш вуьйцу «Имаратан» къеда Сулейманов.

Хаттарна, «мила ву амир?» - жоп хIинца долуш ду. Ткъа хезаш вац я Вадалов Асламбек а, я дуккха а кхиболу цкъачунна балаза болу муджахIидаш а.

Иштта кхеташ дац, кхана мел ницкъ карахь болуш юьсур ю «Имарат Кавказ», я цунах, хуь-хуьлаш «Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобанийн дакъа хир ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG