ТIекхочийла долу линкаш

ФИФА-н президентан харжамаш тIаьхьататтарехьа ю УЕФА


Дуьненаюкъара футболан ассоциацийн федерацина ондда критика йина Францин а, Британин а арахьарчу гIуллакхийн министрша Лоран Фабиуса а, ХIаммонд Филипа а. Цаьршинна хетарехь, ПIераскан дийнахь хила мегаш долу ФИФА-н керла президент харжар тIаьхьататта дезаш ду.

Цу харжамашкахь дакъалоцуш ву хIинца цу даржехь волу Блаттер Зепп а, Урдан паччахьан ваша принц Iела а. ФИФА-на вуно йоккха реформа оьшу аьлла дIахьедар дина министрша. Европерчу футболан ассоциацийн федерацина хетарехь, ФИФА-н керла куьйгалхо харжар тIаьхьататта деза эха шарна.

XS
SM
MD
LG