ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно санкцеш кхайкхийнехь а, Полшин стоьмашлелорхойн аьтто баьлла дерриг а шайн Iежаш дохка


Оьрсийчоьно санкцеш кхайкхийнехь а, Полшин стоьмашлелорхойн аьттобаьлла дерриг а шаьш кхиийна долу Iежаш дохка. Цхьадолу Iежаш цара дорах доьхкинехь а, уьш дохка аьтто баьлла Европехь а, Азехь а, Къилбаседа Африкехь а. Полшин парламентан декъашхочо Малишевский Мирослава дийцарехь, тIедогIучу шарахь Iежаш алсам хилахь а, уьш дохка меттигаш карор ю царна.

Полша уггаре а дукха Iежаш кхиош йолчу пачхьалкхашна юкъахь ю. Цхьа шо хьалха цара ах сов шайн Iежаш дохкара Оьрсийчоьнна. Цу экспортан мах бара 250 миллион евро. Полшин Iедалан векалша чIагIдарехь, юкъаралло дIаяхьна кампани бахьана долуш Iежаш эцар алсамдаьлла цIахь Полшехь а.

XS
SM
MD
LG