ТIекхочийла долу линкаш

Женевехь цхьаьнакхетта Керри а, Зариф а


Швейцарерчу Женевехь Шоьта-дийнахь дийцарш дуьйладелла Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарана Керри Джонна а, ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран Зариф Мохьаммадна а юкъахь. Царшимма дийцаре деш долу хаттар доьзна ду ГIажарийчоьнан зарратан программина дуьненаюкъараллан Iуналла дарца боьзначу бертаца.

Зорбанан гIирсаша и барт цкъа а хилла доцу хIума ду бохуш дуьйцу. Иза бан оьшуш долу кехаташ кийча хила дезаш ду Мангал-бутт чекхбалале. Iамеркин Iедалан векалша дIахьедар дина, ГIажарийчоьне зарратан бомба ца яйта цу махкарчу Iедалшна Iаткъам бар сацор дац шаьш аьлла/

XS
SM
MD
LG