ТIекхочийла долу линкаш

Полисхоша дешархочунна йиттина Нохчийчохь


Нохчийчохь полисхоша йиттина 17 шо долчу дешархочунна. Цу кIентан нанас Бибулатова Жаннас Маршо Раидон Оьрсийн сервисан корреспонденте бинчу хаамца, Закан-юртахь номер 1 йолу юккъера школа йоккхуш волчу Астемирова Iадланна тIелатар динарг ву кхо полисхо. Нанас дийцарехь, иза хилла кху беттан 27-чу дийнахь шолагIчу дийнахь пачхьалкхан экзамен дIаяьла Астемиров ваха везаш волчу оццу эвларчу номер шиъ йолчу школехь.

Бибулатовас чIагIдарехь, прокуроратуре латкъам бина цо, амма прокурораша цхьа а тергам а боцуш дитина и гIуллакх. Закан-юртарчу хьалхарчу школан директорна Шабазов Хьасанна хетарехь, полисхоша дешархочунна йиттина хила мега шайна дуьхьаллийна аьлла. Цо дийцарехь, полицин белхахоша гоне лаьцна хилла школан территори, ткъа Iадлан школан керта ваха гIоьртина.

XS
SM
MD
LG