ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан шахьар - Оьрсийчохь уггар кхераме гIала


Нохчийчоь - Зорбан ЦIа дIалаьцначу дийнахь, Соьлж-ГIала, 4ГIу2014

Нохчийчоь - Зорбан ЦIа дIалаьцначу дийнахь, Соьлж-ГIала, 4ГIу2014

Британерчу консалтинган Verisk Maplecroft кампанино гайтина уггаре кхераме ларалучу гIаланийн могIарш. Массарел а хьалха ю Иракъан коьрта шахьар БагIдад. Европерчу гIаланашлахь Украинера Луганск, Донецк 46-чуй, 56-чуй меттигашкахь ю. Ткъа царна шинна юккъера 54-гIа меттиг кхаьчна Соьлж-ГIалина.

Кхечу дешнашца аьлча, Нохчийчоьнан шахьар Оьрсийчохь массарел а кхераме гIала лаьрра адамашна лаьтта кхерамийн тергоечу Verisk Maplecroft-о.

Кампанино шен къастамаш бина тIаьххьарчу шарахь гIаланашкахь дина талораш, царна чохь лилхина тIемаш чоьте а оьцуш. Ткъа Соьлж-ГIала Verisk Maplecroft-о лаккхарчу тIегIане хIоттор дозу шерачохь нохчийн шахьарна динчу зен-зуламашца.

Зуламийн декъахь ду 2014-гIа шо довш, пхи полисхо а вуьйш, Алисханов Аслан эккхар, итт тIемалочо школа а, Зорбан ЦIа а дIалацар, цул хьалха а, тIаьхьа а, тероран талор дечохь бойъу бохуш, Iедало нах байъар, лецар.

Хьукмато Соьлж-ГIала кхерамечу гIаланашна хьалха хIоттор ца тайначу Кадыров Рамзана «эхь доцу нах бу» гIалина и цIетиллинарш, аьлла Verisk Maplecroft-ана, хаамбо мехкан администраторан пресс-урхалло.

Президента Путин Владимира шен цIарах махкахойн бакъонаш ларъечу Нухажиев Нурдис Кадыровна тIаьххье пресс-релиз яржийна Британера тергамчаш емалбеш, Соьлж-ГIала уггаре тоьлла меттиг лоруш. Европера Iамеркан Штаташка кхаччалц дуьненан шахьарийн шена ду аьлла хета сакхташ охьадагардо Нухажиевс.

Соьлж-ГIала мел маьрша ю, цигахь мел самалхе, паргIат деха адамаш хетта даьккхича, карор ду ши жоп. Хьаькамашка хаьттича – цхьаъ, могIархошка хаьттича – кхин.

Хьал дика гойту уггаре хьалха ша Кадыров Рамзана, масала, цо тIаьххьарчу беттачохь махкахошна лерина динчу къамелаша.

ТIаьххьарчу муьрехь къаьсттина боккха бу лаккхарчу хьаькамаша махкарчу хаамийн гIирсийн куьйгалхошна бе тIеIаткъам. Сурт дуьззина гойтуш ю дукха хан йоццуш Кадыров Рамзана телевизионийн а, газетийн а, журналийн а хьалханчашца дIаяьхьна кхеташо.

Юьхьанца къамел дийриг ву Кадыровн хьалхара гIоьнча, махкахь шех Лорд олуш волу Даудов Мохьмад.

Даудов: "Вай анализ йича, министраллан болх "ноль" ала мегар долуш бу-шуна. Цхьана а кепара болх бац, Рамзан Ахматович, беш.

Нагахь санна хьан телевизионе хьажа йиш а йолуш, хьо хьаьжча (хьан йиш йоцийла суна хаьа), цуьнан балхе дийно сарралц хьаьжча, суна хетарехь, цуьнан директор а, белхахой а чубохка безар ду.

Жимма а яздан хууш волу журналисто шен гергарчех лаьцна бен ца яздо. Селхана передача ю гойтуш, вайн цхьа, велла я вийна ца хаьа, Авторханов ву-вац, ца хаьа суна, яздархочух яьккхина. Ахь цуьнга ладоьгIча, и стаг ца хиллехь, вай шина тIамехь дерраш а дайина хила дезаш дара..."

Кадыров: "Иза кхозлагIа гойтуш ю..."

Даудов: "Валлай, Рамзан Ахматович, оха бен болх, анализ йича, иза оха хьуна дуьхьал беш бу-кх..."

Даудов Мохьмадий, Кадыров Рамзаний телевизионна тIехъеттачу эфирехь деношкахь вийцинарг вац гоьваьлла ваьхна политолог-диссидент Авторханов Iадрахьман. Цхьа хан хьалха Москох вийна нохчийн поэт-политик Ахтаханов Руслан ву вуьйцург. Амма гуш ду я Даудовна а, я Кадыровна а Ахтаханов хьовха, Авторханов мила ву а ца хаьийла.

КхидIа Кадыров Рамзана хаийтира оцу кхеташонехь хаамийн гIирсийн хьаькамашлахь хийцамаш ша бийр буйла. Бачаев Iадлане, «Грозный» телеканалан директоре ду хIара къамел.

Кадыров: «Хьох лаьцна хьан белхахоша хIун яздо хаьаий хьуна? Америкехула волавелла а ца лелаш, гIирсна тIаьхьара а валий, говзанчаш Iамабе боху-кх. Говзанчаш ца хилча, стенна еш ю и харж?

Министре шена цкъа хьалххе болх мукъане Iамабе алахьара боху-кх хьан белхахоша. ...Ши кIира даьлча вовшахкхетар ду вай, къастор тIаккха хьал".

Эхашера чохь шозза хийцина Нохчийчоьнан зорбан министраллан цIе, шозза хийцина цуьнан министрш а. ТIаьххьараниг, Умаров Джамбулат министр хIоттийча, цуьнца цхьаьна телевизионийн куьйгалхой а гулбина, Кадыровс иштта къастийра махкарчу хаамийн гIирсийн декхарш.

Кадыров: «Цхьаьллиг цхьа беш болх бац. Полицица, кхечу накъосташца цхьаьна эладитанаш даржаде нах лебан беза. Доцург даржочаьрга хатта деза, шуна мичара даьллера, мичахь гинера, стенна дийцинера".

Кадыровс динчу къамелехь тергоне юьжург мехкан зорбанна Iалашонех цхьаъ ю - нахера цунна дуьйла аьлла хета эладитанаш Iорадахар. Дуьйцуш дац муьлххачу а вахархочун шена лаахь интервью яла а, ца яла а бакъо хилар.

Стенна язйина Нохчийчуьрчу бахархойх ах гергга нах шена чохь беха Соьлж-ГIала талораша лаьцна ехачу гIаланийн могIара Британерчу дуьненаюкъарчу Verisk Maplecroft хьукмато бохучу хаттарна жоп лучех хьалхарниг ду, масала, махкарчу Iедалан ницкъаша низамехь йоцу шогалла нахана дуьхьаллаттор а. Цунах ца олу терроризм. Амма мохк маьршачу регионийн могIара баккха некъ а ца ло.

Гоьдалла къамел ду Нохчийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алаудинов Аптис Хьалха-Мартанарчу полисхошна хьалха ахшо хьалха динарг.

Алаудинов: "КIеззиг а и вахьабитийн хьу яц, иза схьа ма хьакхаелла, ас сайна тIелаьцна-кх иза - и метта Iаш керла кIоштан полицин куьйгалхо а ву - ас лично охьаата аьлла, чуволла йиш ерг чуволла аьлла, кисана тIаIо йиш елахь, кисана хIуъа а таIае, хьайна луъург де, хьайна луъург вен а ве аьлла, паччахьо аьлла-кх тхоьга иза..."

Алаудинов Аптис тоьшалла до кхузахь, и ша шен куьйгакIелхьарчу полисхошна хьоьху некъ шена а, министраллан хьакамашна а гайтинарг Кадыров Рамзан хиларх лаьцна.

Хаттар хIоттало, муьлхачу Оьрсийчоьнан бакъонаша, я ШарIан бакъонаша магайо лелон полисхошна Алаутдиновс шена а, шен коллегашна а магош йолу бакъонаш. Амма цо и къамел динера аьлла, цуьнга я Москохарчу хьакамаша а, я махкарчу бакъоларъярхоша а, я кхечу цхьаммо а бехк боккхуш хааделла дац.

Цул совнаха дац хааделла, пхи бутт хьалха, шо доьрзуш, пачхьалкхарчу бахархошца телевизионеху дагаволучу Путин Владимира шега журналиста Собчак Ксенияс, Нохчийчохь тIемалойн гергарчийн, низамехь а доцуш, цIенош стенна дагадо аьлла динчу хаттарна делла жоп а. Ткъа жоп бехкеволчуьнгара доьхур ду элира хIетахь Путина.

Ткъа цIенош дара Нохчийчохь дагош Путина къамел дечу юкъанна а, динчул тIаьхьа а. И факташ а лору Verisk Maplecroft-о терроран актийн могIарахь.

Нохчийчохь адам мел маьрша ду гойтуш ду Кадыров Рамзана кху кIиранашкахь масситтаза ша волчу нах а гулбойтуш, церан юьхьъяхар. Боккха къовсам бу цо дIахьош социалан машанашкахь, махкахь яьржина йолчу ватсапехь дешан маршо карочу нахаца хьош.

Нажи-Юьртан кIоштан полицин хьакама къона нускал далоран кепах лаьцна ватсапехь тергоне эцна хилла нах схьа алехьабайтина, уьш ша волчу а кхачабайтина, цаьрца дира Кадыровс хIара къамел.

Кадыров: "Аш дуьйцу хабарш зудчо ша чохь йийсича а дийца эхье хабарш ду. ХIай, борша нах! Сахиллалц ватсапехь ма бу уьш, болх байта цаьрга! Беш лелаяйта, кхин дайта, чубохка, ара а ца бовлуьйтуш! ТIаккха яздийр ма дац цара. Ватсапера охьабиссабе, борша нах!"

Хаттар хIоттало юха а, стенна мега Iедалхошна нехан телефонан бакъо йохон, церан къамелаш листа, уьш бахьанехь нах хьийзо.

Ткъа Кадыров Рамзан шорбеш ву адамера телефонан бакъо а, интернет лело йолу бакъо а йоккху болх. Нагахь санна стагера терроре, экстремизмалле кхойкхуш, я кхечу адам сий бехдеш меттиг яьллехь, цуьнца къамел дийриг прокуратура я кхел ю. Амма Нохчийчохь церан функцеш шайн караэцна Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а.

КIеда аьлча, иштта йоккху нохчашкара Iедало шен кхетам хилла а, адамашна шайлахь шайна ма-хетта дуьне кхето а, заманца йогIучу коммуникацех пайдаэца а йолу бакъо – аьлча а, дешан бакъо.

Ткъа муха тIеоьцу бахархоша Iедало шена дуьхьалхIиттайо шогалла?

Иза дика гайтира деношкахь оццу ватсапехула шаьш наха даьржийначу къамелаша.

Iеламстаг ву алссам губеллачу божаршна хьалха къамелдеш. Нохчий зуда цхьа а бакъонаш а йоцчу могIара хIоттайо цо, юьхьйоху ша санна болчу божарийн.

Iеламча: "ХIай, нах! Шайн зударшкара телефонаш дIаяха! Уьш ватсапе ма бита! Аттана кIел хIоттае нанас шен йоI, кIалд яккха Iамаде цунна, гIуллакх дан Iамаде!

Тхуна, балийча, царех зударий ца хуьлу. Уьш оха жерой боху, сеца а ца лой. Марехь а болуш, кхечу шайн тIехьийзачу кIенташка телефонаш етташ бу шун мехкарий. Уьш ватсап чу а кхуьйсий, талхабо аш шайн мехкарий, зударий. Тхуна, балийча, царех зударий ца хуьлу, оха царна аьшкал бетта, оха царна нуй а бетта, оха царна дена а детта, нанна а детта, дика а детта.

ХIай, нах, хIай, шаьш кIеззиг борша ду моттийта - шайн зударшкара телефонаш дIаяха! И зударий стенгахула лела хьовса, царна тIехь ладогIа!

Цхьаама аьлларг ца дахь, шиъ ялае, шимма аьлларг ца дахь, кхоъ ялае, кхаамма аьлларг ца дац, йиъ ялае! ...Шаьш борша ду моттийта цхьажимма!"

Оцу озал тIаьхьа даьржира кху деношкахь Нохчийчохь зударийн жоп а. Иза тIех чIиркъе хиларна, цхьацца дешнаш хьул а деш кечдира оха эфире.

Хьалхара зуда: "Оцу къамел дечу стага цкъа хьалххе шенаш дIасовцабе, говза къамел дора цо! Ишта хабар дуьйцучо шен... . Шен мехкарий а, шен зударий а дIагулбе, шен йижарий дIагулбе. Ватсап а, кхиерг а леррина юкъарлонаш леладайта кхоьллина ю. Берриг а зударий бац ватсап бахьанехь гIуллакх ца деш.

Бакъ-зуда ватсап чохь Iан а кхууьр ю. Бакъ-зудчо юуург а йийр ю, диъ бер а кхобур ду, мар вузор ву, чуьра гIуллакх а дийр ду. Бакъйоцчо ватсап дIаяьккхича а дийр дац хIумма а, йижина Iйр ю. Бехке ватсап яц, зуда яцар ду иза".

Хьалха ватсапехь къамел динчул йоккхо йолчух тера ду шолгIаниг. Цо иштта делла Iеламчина жоп.

ШолгIа зуда: " Оцу стага дуьйцург цхьадерг бакъ дара, цхьадерг харц дара. Тахана со ватсап чохь а ю, Iуьйранна дерриг а кертахь дой, чохь дой, бажа луьстий, бешан дола а дой, со делкъехь дIаюьжу.

Делкъал тIаьхьа дерриг а до юха а. ТIаккха сайга гергарчара, беза-бевзачара ватсапехула хIун аьлла хьожу. Сан ватсапехь бац хийра нах, нехан божарий. И ватсап ловзо а ларайо со, сайн гIуллакхаш дан а ларайо.

Оцу стаге, оцу зудчо ма-аллара, хьайн...... ала лаьа суна. Цхьана зудчо 99 зуда бехйо. И 100-гIа зуда бахьанехь "зударий" олу. Шен цIийца цIена ву цIенаниг, шен цIийца боьха ву боьханиг".

Зударша иштта жоп делла шаьш а, шайн чуьра борша нах а гезбохуш, хийрачу божарша дечу къамелашна.

Мел хезначу къамелаша гойту, мел маьрша ю ( я яц) Нохчийчоь, мел паргIат бу (я бац) цигахь зорбанан гIирсаш, могIара бахархой.

Британерчу консалтинган Verisk Maplecroft кампанино Соьлжа-ГIала уггаре а кхераме гIала хилар къастор стенца дозу бохучу хаттарна, юьстахаро делахь а, жоп лучех лара еза кхузахь вайна хезначу къамелех йозу тIаьхьало а.

Бакъду, Москохарчу NewsEffector олучу мониторинган агенталло а, «Оьрсийчоьнан регионаш» цIе йолчу фондо а стохка Соьлж-ГIала Оьрсийчохь уггаре ирсе гIала ю аьлла билгалъяьккхира.

Иза а юхьараэцча, хета а тарло – цхьаммо Соьлж-ГIала ирсениг еш, вукхо кхерамениг еш - ши таллам чуьччабоьдуш. Хьалхарчо гайтарехь, Нохчийчоьнан шахьарахь массо а кепара токхе хилла, ирсах бехьаш бехаш хила беза нах. Ткъа шолгIачо бохург дац ала а ца карабо бух, Нохчийчуьрчу коьрта бакъоларъярхочунна Нухажиев Нурдина карийнехь а.

Делахь а, куьзганан шен амал ю чухьаьжинарг ма-варра гойтуш, ткъа чухьаьжча сурт ца тайначун гIиллакх ду цо яппаршца нахала доккхург а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG