ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керри Джон дарбанан цIийнехь ву


Женевехь дарбан цIийнехь вуьсуш ву цкъачунна вилспет хохкуш ког кагбина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретар Керри Джон. Цуьнан пресс-секретара Кирби Джона хаамбира, иза дийнахь Iийна араволу дарбан цIийнера аьлла, ткъа лоьраша кхин а цхьана денна чохь сацар хьехна Керрина.

Францехь кIирандийнахь вилспет хохкуш лазор бахьана долуш, «Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобанаша бохьу бала бийцаребечу дуьненаюкъарчу конференце воьдийла ца хилла Керрин, цо иза интерактивехь дийр ду, элира Кирби Джона. Иштта массех цхьаьнакхетар а юкъахдаьлла Керри Джонан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG