ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибех шайн сержант хуьйцуш ю Цхьаьнатоьхна Штаташ


Iамеркан Штатийн лаккхарчу векала хаамбина, Къатар-пачхьалкхан куьйгалхой реза хилла стохка Куберчу Гуантанамо-набахтера, Iамеркан эскарерчу сержантах Бергдал Боух хуьйцуш, арахецча шайн махка валийна пхи тIалибийн лидер цкъачунна дозанал ара цавалийта. Малхбалерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, оцу махкахь дипломатийн цхьаьнакхетарш дерззалц кхобур ву пхи тIалиб Къатарехь.

И нах кхин а эхашарахь махках ца бовлийтар дийцаредеш ю Къатарца президентан Обамин администраци. Сержант Бергдал, низам а дохош, эскарера вадарна бехкево Штаташа. ТIалибийн йийсарехь 5 шо а даьккхина, ши бутт хьалха хийцина волу иза оьмар чекхъяллалц Iан набахте хьажо тарло Iаьмеркан Штаташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG